Нохчийчуьра Динан урхалло массарна а хезаш дIахьедар дина жимачу берана тIехь Iуналла дар, цуьнан доладар наношна тIехь ду, бераш нанойх хьего мегар дац аьлла. Ткъа хIума тIехIоьтттича, кхело а, муфтиято а гIо ца до зударшна цара шайн берашкахьа бечу къийсамехь. Нохчийн Iадаташца дай-наний къаьстича, бераш дегахь, йа дехошкахь дуьсуш ду. Тхан сайто къастийра, нанойн бакъонаш Iалашйо бохуш деш долу дIахьедарш бIостане муха дуьйлу махкара церан гIуллакхе хьовса декхаре йолчу хьукматаша лелочуьнга хьаьжча.
Кадыров Рамзана масийттазза дӀахьедина, тIехь хIусамда воцуш, цхьаллехь бехачу нанойн "бакъволу къонах кхио ницкъ ца кхочу", ткъа буьззина боцчу доьзалашкара бераш "экстремистийн тIеIаткъамо лаца тарлуш бу", цаьргара кхерам лаьтта аьлла. Зударий шерашкахь хьоьгуш беха шайн берех, ткъа дайша цхьана а кепара цунах цхьа а жоьпалла тIе ца лоцу.
2021-чу шарахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) къобалдира Къилбаседа Кавказехь берийн доладарехь гендеран дискриминаци лелош хилар. Къаьсттина, кхело тӀечӀагӀдина, Нохчийчохь сацамаш ден агӀор тӀеоьцуш хилар, йа нана бакъйеш бен сацамаш кхелан пурстоьпаша кхочуш беш ца хилар.
Масех шо а ду Тухаева Жанеттина шен воккхаха волу кӀант ца гун. 2020-чу шеран зазадокху-баттахь Соьлжа-ГӀаларчу кхело, Москварчу суьдхоша бинчу сацамна дуьхьал тIедожийра, цуьнан ши кIант шайн деца Ибаев Русланца Iен везаш ву аьлла. Цул совнаха Тухаевана тӀедожийра, шен воккхахволу кIант лачкъийна аьлла, цо латкъам бина хилла инстаграмера аккаунт дӀайаккхар а. 2020-чу шеран товбеца-баттахь Тухаеван аьтто хилира и сацам йухабаккхийта, амма хIетте а хӀинца а шен кӀант ган ницкъ ца кхочу цуьнан. ХӀинца цуьнан 16 шо ду, ткъа хилла цIийнда хьийза шен ма-хуьллу жимахволу кIант а цхьаьна шега схьаваккха.
Ши шо хан йу шен кIантана тIекхача аьтто боцуш хьийза Краснодарера йахархо Смелая Мария. Цо бахарехь, Нохчийчохь латтош ву цуьнан кIант. Бакъонашларъярхошка латкъам бина цо шен хиллачу майрачо, нохчийн махкахочо Шабазов Чингисхана шена доьзалехь ницкъ барна а, кхерамаш тийсарна а. Йа Нохчийчоьнан Ӏедало а, йа кхелан системо а, йа муфтиято а цхьана а агIор цунна деш гIо дац цу тIехь.
Масех бутт бу Ростов-махкара Орловн кӀоштарчу йахархочо Загудаева Снежанас шен ворхӀ шо долу кӀант цӀаверзорехьа къийсам латто. КӀант шен деца Нохчийчохь вехаш ву, Орловск кӀоштан кхело 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь иза шен ненаца ваха веза аьлла къастийнехь а.
Загудаевас дийцарехь, 2024-чу шарахь беран дас Сапарбаев Масуда хIаоа йехачу хIусамера лачкъийна, Жимачу АтагIа дIавигина хилла кӀант. Талламхой дуьхьал бу бехктакхаман гӀуллакх доло. Адвокато дийцарехь, меттигера Ӏедалхой а, низамхой а саготта бу, ненах дог лозуш а бу, амма цхьа а гӀулч йоккхуш бац бер йухадерзорехь.
Подмосковьера 22 шо долу Кокова Кристина нохчочуьнга Умаев Ахьмаде маре а йахара, дукха хан йалале йоӀ дуьненчу йелира церан. ТӀаьхьо шен марнанас тӀеӀаткъам барна а, майрачо шена тӀехь ницкъ латторна а латкъамаш бан йолаелира иза. Захало дукха хан йалале дуьйхира, амма йоӀ ненаца ца йуьтуш, дехоша кест-кеста дIайуьгура.
ЙоьӀан нанас Кокова Анастасияс хаамбира, цуьнан мардас Умаев Руслана хаддаза берана тIехула шантаж йеш хиллера, цунна тӀехь Ӏуналла латтош дара, иза йоьду-йогIу меттиг ларбеш бара аьлла. 2024-чу шеран гезгамашин-баттахь Нохчийчу йахначу хенахь цIеххьана зIенера дIайелира Кристина. ТӀаьхьо Умаев Руслана мукӀарло дира, ша иза йийна хиларна. Кокова Анастасиян шеконаш йу, шен йоI хьийза а йийна, и къайлахьош Умаевс иза йийна аьлла.
2025-чу шарахь чиллан-беттан 11-чу дийнахь Умаев Руслан СИЗО-ра араваьккхира, цо Украинана дуьзьал тIом бан ваха контракт йина хиллера тӀеман министраллица. Йийначу йоьIан нанас Кокова Анастасияс дехар динера талламчашка, иза таӀзарх кӀелхьара ма валийтахьара аьлла.
Нохчийчохь бакъдина, ненанца зӀе латтор дехкаро берийн сина Iаткъам беш хилар. И хаттар листрахьама республикехь берийн бакъонашларйархочун дарж йукъадаьккхира 2020-чу шарахь. Коьрте хIоттийра, 2012-чу шеран зазадокху-баттахь дуьйна боьхна доьзалаш вовшахтухучу комиссехь болх бина Хирахматов Мохьмад.
Пачхьалкхан "Чечня Сегодня" агенталлана йеллачу интервьюхь Хирахматовс дӀахьедира: "Дайша шайн бераш дӀадоху уггаре а коьртачух – ненан марзонах. Ткъа оцу бахьаница оцу берех йукъараллина кхерам хуьлу. Вайн республикана иза дIоггара хаалуш дацахь а, амма къиза бохам бу и".
Хирахматовс чӀагӀдора, шайн берашна наной ган новкъарло йеш болчу дайшна церан белхан хьаькамехула тӀеӀаткъам бийр бу аьлла. Цул сов, хIара ду аьлла дийца бахьана а доцуш зуда йитарна -гӀуданаш деттар йукъадаккха деза элира омбудсмено.
Редакцица къамел дан реза хиллачу Нохчийчуьрчу социолога, шен цӀе а ца йоккхуш, дӀахьедира, муфтиято йукъараллехь деш долу дӀахьедарш "нийса а, хаза а" хезаш ду, амма цхьа гӀуллакх тIедеъча, дерриг а кхечу кепара хуьлу аьлла. ШарӀо а, низамо а формалан кепара зударийн бакъонаш ларъеш йелахь а, ма-дарра аьлча уьш ледарачу хьолехь буьсу, ткъа церан бераш доьзало а, меттигерчу йукъаралло а закъалтана латтош ду, бохуш чӀагӀдо цо.
Бакъдолчу дахарехь сацамашна тӀеӀаткъам беш долу коьрта бахьанаш билгалдехира къамелдечо: "Царна йукъахь ду доьзалехь да баьрче ваккхар, беран "долахо" иза лоруш хилар, берийн дегахьа гIо дохуш тайпано а, цIийно а беш болу Iаткъам, боьршачу стагана дуьхьала йала зудчун майралла цатоар, иза дуьхьал йалахь -эхь тIедеана цо бохур ду, цунна ницкъбийр бу, иза тесна а йуьтур йу".
Ишта бахьанаш ду – зудчунна гIо эшначу меттигехь, орца деха цуьнан меттиг цахилар, динан а, пачхьалкхан а структураш Iедалх йоьзна хилар.
Социолог тешна йу, Нохчийчохь официалан риторика нийсонан васт кхолларна тӀехьажийна хиларх, амма бакъболу сацамаш шайггара тӀеоьцуш бу аьлла. Ткъа оцу низамашна йукъахь ненан карахь хIуммаъ а ца дуьсу. Цундела бер дукха хьолахь деца дуьту, динан дайша хӀуъа бахахь а, бохуш дерзийра цо шен къамел.
Зударшна гIо латто Iалашонца йиллинчу «Марем» кризисан тобанан куьйгалхочо Анохина Светланас дийцарехь, муфтиято а, берийн бакъонашларъяран комиссаро а наной а, бераш а дӀасакъастар мегаш ца хиларх лаьцна дина дӀахьедарш "цӀена популизм" йу: "Оцу тIехула долу дерриг а дӀахьедарш кхочушдаза дуьсу, элира-бахара а хуьлий, нохчийн динан дай билггалчу гӀуллакхна йукъа а гIоьртина, ненан агIо цара лаццалц".
Бакъонашларъярхочунна хетарехь, ненан бакъонаш ларйарехь къийсам латтор даима а абстракте, идеалехь йолчу зудчух хьакхалуш ду: "Чохь са долчу адамера даима а массо а тайпана бехкаш доху, цуьнан бакъонаш къовсаме хир йу, оцу лекхачу тIегIане йаккха йезачу зудчун меха иза йац аьлла. Хуьлийла иза хIусамдех къаьстина йиша, йа цхьа кхин- иза хьакъ йац бохур ду, цуьнга бераш дала".
Оцу йукъанна Анохинас билгалдаьккхира, нохчийн йукъараллехь да бохург чIогIа деза, ларам болуш хIума ду, цундела дуккхаъчу меттигашкахь доьзал бухуш белахь бераш дегахь дуьту.
- 2010-гӀа шераш йуккъе девллачу хенахь ГӀалгӀайчохь меттигерчу зударшна тIехь таIзар латтадора цхьана альфонсийн тобано. Марехь болу гӀалгӀайн зударий декъехь болуш маьттаза видеош йохура цара, цул тӀаьхьа шантаж а йеш, цаьргара ахчанаш дохуш хилла. Зударий реза бара бӀеннаш эзарнаш ахчанаш дала а, хӀунда аьлча, и видеош нахала йевллехь, уьш хIусамдайша буьтур бара, цаьргара бераш схьа а дохур дара, "эхь дойуш" байа а тарлора уьш. Кавказ.Реалии сайто дуьххьара дийцира, шен дахарна кхерамаш тийсар бахьана долуш Оьрсийчуьра йеддачу зудчух лаьцна.
- Доьзалехь ницкъ бар Къилбаседа Кавказан коьртачу а, кест-кеста хуьлучу а проблемех цхьаъ йу. Меттигерчу зударшна тIехь гIело латтайо церан хIусамдайша а, дас, вашпа, девешин кIанта. Низамехь ишта хила дезаш санна, полицино тергал ца до и тайпа зуламаш, ткъа бехктакхаман гӀуллакхаш долийнехь а, кхелаша лаххара таӀзарш дой буьту уьш.