ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра полисхо а, Дагестанера подполковник а вийна Украинехь


Украинан Донецкан кIоштан Закатное эвлахь долчу Северский Донец хин тIехула долу тIай ду дохийна, 2022-чу шеран лахьан-беттан 9-хь
Украинан Донецкан кIоштан Закатное эвлахь долчу Северский Донец хин тIехула долу тIай ду дохийна, 2022-чу шеран лахьан-беттан 9-хь

Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан Къилбера а бахархойх Украинехь байъинчу пхеа стеган цIерш йевзина – Нохчийчуьра, Дагестанера, Къилбаседа ХIирийчуьра, Волгоградан махкара а бахархой бу уьш.

34 шо долчу полицин лакхарчу сержантан Юсупов Тамерланан кхалхарх лаьцна и винчу ЧIулга-Йуьртахь иэесан у схьаделлар гойтуш ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан репортажера хиира. Нохчийчухула йолчу Росгвардин хадархойн Соьлжа-ГIаларчу декъехь белхан декхарш дIахьош хилла Юсуповс, тIаккха и вийра товбецан-беттан 21-хь Мариуполехь.

Полковник Магомедов Гаджикурбан верах лаьцна РИА "Дагестан" зорбанера хиира, дIайаьхьначу иэсан суьйренехь. Къилберчу тIеман гонера 49-чу эскаран чоьтехь 227-гIа артиллерин бригадехь куьйгалхо вара Магомедов. Дагестанские огни гIалахь хьехархо вара и бохуш дуьйцу, цигахь вехаш хила а тарлора и. Магомедов гезгмашин-баттахь вийра Херсонан кIоштан Новая Каховка гIалахь, штаберчу машенна тIе ракета тоьхча. Украинхойн хьасташа бахарехь, 47 шо дара цуьнан, хьалхо цо дакъалоцура Оьрсийчоьно Нохчийчохь а, Шемахь а бинчу тIемашкахь.

Къилбаседа ХIирийчоьнан хаамийн ресурсаша хаамбо Буьри-ГIаларчу 30 шо долчу Каргинов Асланан кхалхарх лаьцна, хIордан гIашсалтийт тобанехь хилла иза, суьрта тIерачу погонашца дуьстича – прапорщикан чинехь; лахьан-баттахь вийра и.

Ростован Donday зорбано хаамбо, Сальскан кIоштера Екатериновка эвлара 21 шо долу Чабанный Родион лахьан-беттан 30-хь верах лаьцна, лаамхочун кепехь Украине чугIортарехь дакъалоцуш хилла и.

Волгоградан кIоштехь 27 шо долу Зайнуллин Максим дIавоьллира, Котельникован кIоштера Семичный кIотарера вара и; лахьан-беттан 23-хь вийра, йаздо VI.ru зорбано.

  • Карарчу хенахь Кавказ.Реалиина Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера кхалхар тIечIагIдинчу 1708 нехан цIерш йевза. Зорбанашкарчу хаамех, Iедалан дIахьедарех, бакъоларйархойн а, тхайн хьасташкара а вовшахтоьхна хаамаш бу уьш. Баккъала долу эшамаш официалехь дийциначул а масехазза дукха хила мега.
  • "Оьрсийн Би-би-си сервисо" а, "Медиазоно" а динчу зерашца, лахьан-беттан 25-хь долчу хьолаца, Украинехь кхелхинчу 9311 оьрсийн эскархочух лаьцна хиина. "Би-би-си-н" зерашца, меттигерчу администрацийн а, зорбанийн а хаамаш кешнашкахь дIабоьхкинчу нахаца буьстича, билггал хууш долчу эшамашкахь беллачийн цIерш 40-60% кIезга хила тарло, баккъала а Оьрсийчохь дIабоьхкиначул а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 21-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
  • Охан-беттан 20-хь хиира, Оьрсийчоьнан тIеман министралло Украинехь кхелхинчу эскархойн гергарчу нахах лаьцна хаамаш къайладахьа сацам бина хилар. Мангал-беттан 6-чохь "Городские порталы Shkulev Media Holding" машанаша вовшахтоьхна беллачех тептарера хаамаш пачхьалкхан къайленна юкъара бу, уьш баржорна бехктакхаман жоьпалла тIедожадо, нагахь санна, уьш йиллинчу хьасташкара схьаэцнехь а аьлла, тIечIагIдира Калининградехь кхело. Цул тIаьхьа цхьа могIа регионалан хаамийн гIирсаша, хьалхо шайн тептарш хIитточара, дIадехира уьш.
  • Нальчик гIалин кхело мангал-беттан 17-чохь сацамбира, Украинерчу тIамехь байинчу Оьрсийчоьнан эскархойх хаамаш баржон украинхойн Оnline.ua хаамйин агIо дIакъовлуш сацамбарх.
  • ГIуран-беттан 7-гIа де – Украинерчу тIеман 287-гIа де ду. Оьрсийчоьно Курахово гIалина тохарш дича бархI стаг вийна. Оккупацин администрацин куьйгалхочун гIовсана Волык Николайна тIелатар дан гIоьртина Мелитополехь, и дийна виссина. Сепаратистийн "ДНР-на" куьйгкIелахь долчу латтанаш тIехь, йеза машен т1еман микроавтобусах кхетта, 16 стаг велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG