ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра полисхо велла карийна Нижний Тагилехь


Гайтаман сурт

Нижний Тагилан Тагилостроевскан кIоштан талламан декъехь листа долийна нохчийн экс-полисхо №13 йолчу набахтехь кхалхар. Меттигерчу ГУФСИН-о хаамбина, хеназа хIоттийначу жамIаца валаран бахьана - суицид.

EI.ru сайтан регионерчу ГУФСИН-ра хьостан хаамца, веллачу полисхочун 44 шо дара, Дагестанехь вина вара иза, нохчийн нуьцкъаллин урхаллашкахь болх бина а вара эпсаран тIегIанехь. Цунна хан туьйхира дахна шо чекхдолуш, "ЦIен бад" цIе йолчу полисхойн набахте вигира иза Дечкен-баттахь.

"Иза вуно реза вацара шен тоьхначу ханна – дуьхьалонаш йора, режиман низамаш хедадора, ткъа оцу дийнахь шен камери чохь цIе тесна хиллера цо. Ур-атталла иза дIаяйъа йийзира. Юха иза велла карийра рогIера тIехьажар деш", - дийцина хьостано.

  • Ставрополан махкара ДПС-ан белхахо Гаспарян Рубен бехкевира лаьцначунна етта а йиттина иза верна. Гаспарянна кхоъ шо хан туьйхира, амма дIахийцира кхелан хIусамчохь, цо СИЗО-хь яьккхина хан тидаме а эцна.
  • ГIуран-баттахь стаг верна шеконашца полисхо лецира. Цул де хьалха меттигерчу яхархочо полицига арз динера, шен 29 шо долу кIант вайна аьлла.
  • Дагестанан Ногайскан кIоштан кхело экс-полисхо Джамалудинов Сайпулакади бехкевира 22 шо долу Асанов Эрадиль кIоштан полицин декъехь ца хууш верна. Сийлахь-боккха Даймехкан тӀамехь баьккхинчу толаман 70 шо кхачарна лерина амнисти бахьана долуш кхело жоьпах кIелхьараваьккхира Джамалудинов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG