ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра полкан эскархоша дӀахьедина чевнаш йерзале шаьш юха а тIаме дIахьажош ду аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчичуьрчу Шела гӀалара 70-чу полкера Украинана дуьхьал тӀом беш, дакъалоцуш болчу эскархоша видеохаам дӀайазбина. Цара дӀахьедина, чевнаш йерзийта хан а ца луш, шаьш йуха а тIаме дIахьажош ду аьла.

"Мобилизаци Керланаш" телеграм-каналехь зорбане баьккхина видеохаам. Хьуьнхахь йаьккхина видео тIехь 12 стаг ву, цхьаберш стоьла тӀехь хевшина бу, цхьаберш жимма йистехь лаьтташ бу, цхьа стаг - лаьттахь Ӏуьллу. Царех лаххара а кхаангахь Iасанаш йу. Кхин цхьаъ стаг ву видео йоккхуш, хилларг дуьйцуш.

Цо бахарехь, видео дӀайазйина марсхьокху-беттан 28-чу дийнахь Запорожье кӀоштахь, 70-чу полкера лазийна а, цомгуш хилла а эскархой балийнера цига. Царна йукъахь бу пхи бутт хьалха "Д" категори ("эскаран Iалошана пайден вац") аьлла, билгалбаьхнарш а, гепатит йолу пациенташ а.

Цо чӀагӀдо, инспекцин комисси болх беш йолчу хенахь эскархой хьуьнан асане дехьабаьхна, къайлабаьхнера уьш, комисси шен болх чекх а баьккхина дӀайахча, эскархойн декъе йухаберза дагахь бу уьш бохуш. "Мел хан йоккхур ю цара лоьрийн гӀо доцуш, тӀеман медицинан комисси (эскархойн лоьран а комисси – редакторан тидам) йоцуш а, хӀинца а хууш дац", - бохуш, жамӀ до видеон авторо.

  • Гезгмашан-баттахь тӀеман чов бахьана долуш, букъ лазийна, Iасанаш тӀехь волу Краснодарера вахархо Абрамов Алексей тIаме хьажийра штурм йан, тIехIоьттина шиъ хадахаро а волуш. Абрамовна мобилизаци йира, цхьа могӀа хала цамгарш йолуш, иза тIеман гӀуллакх дан хьакъ вац аьлла дӀакхайкхо дезаш воллушехь.
  • Мангал -баттахь Ростов-гӀаларчу Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело сацам бира подполковник Филиппов Олег тӀамера цӀавеанчул тӀаьхьа медицинан а, психологин а реабилитаци йан оьшуш вац аьлла. Иза йуха а тӀаме дӀахьажийра.
  • Кавказ.Реалии сайто масийттазза хаам бина, чевнаш йинчул тӀаьхьа эскарера дӀабаха безаш болу эскархой нуьцкъала тIаме хьежорах лаьцна. Цу кепара Ростовн а, Волгоградан а кӀошташкара а, Краснодаран а, Ставрополан а метигашкара эскархой дӀабигира Украине.
  • Кавказ.Реалии сайто къамел дина эксперташ тешна бу, хала цамгарш йолу нах фронте хьажор, Оьрсичоьхь эскархой тIетоьаш цахиларца доьзна ду аьлла, бӀеннаш эзарнаш лаамхой бу бохуш Ӏедалша дӀахьедарш динехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG