ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра ражна дуьхьало йарна а, Путинан тешам барна а кхоьру Кадыров- ISW


Президент Владимир Путин а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Рамзан Кадыров а Кремлехь цхьанакхетта, 2022-чу шеран зазадокху-беттан 13-гIа
Президент Владимир Путин а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Рамзан Кадыров а Кремлехь цхьанакхетта, 2022-чу шеран зазадокху-беттан 13-гIа

Шен авторитет йохон тарлун, республикера хьал чIагIдаларна саготта ву Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан, хаамбо тIеман хьелаш толлучу Институто (ISW). Экспертийн зерашца, Гуьмсехь, ницкъахоша меттигера ши вахархо а вуьйш, хиллачу герзашца тIелатарна Кадыровс маса йинчу реакцино гойту иза.

Юьхьанца нохчийн телеграм-каналаша хаамаш бира, полисхойн декъана тIелетта бохуш. ТIаьхьо цара а, иштта махкара официалан хьасташа а дIахьедира, ницкъаошна тIелатар нисделла цхьана цIа чохь герзашца нах бу аьлла, кхаьчна "оперативан информаци зуьйш" болчу хенахь аьлла.

Карладоккху, тIелатар хиллачу веара Кадыров Рамзан шен 15 шо долчу кIантаца Адамца а, шен гонерчу нахаца а – церан когашка охьадехкира декъий. ISW-на хетарехь, оцу кепаца "ницкъ болчу стеган имидж кхин а тIе тойан" гIерта Нохчийчоьнан куьйгалхо, шен режимна муьлхха а дуьхьало йахь, юхатоха ницкъ бу ала гIерташ.

Зазадокху-беттан юккъехь ша цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир шеца хийцаваларна Кадыров кхоьруш хиларца дузу иза аналитикаша.

"Нохчийчохь хьал телхина аьлла муьлхха а билгалонаш Путинан диканах вала кхерам латтар санна туьду Кадыровс, хетарехь", - аьлла ду хаамехь.

Иштта билгалдаьккхина, Кадыровн кхерамех пайда а эцна, Нохчийчуьра дуккха а нах Украине тIаме хьовсабайта тарло Путина.

  • Кадыров Путинах дикка озалуш ву: шен эскархой Украинерчу тIаманна пайденна цахиларна, шен меттиг галйаларна кхоьру. Иза тидаме эцна (ISW) ТIом талларан институтерчу эксперташа, зазадокху-беттан I3-чохь хиллачу цхьаьнакхетаран хьесап деш.
  • Хьалхарчу буса ницкъахоша Гуьмсехь байина нах муьлш бу хиъна шайна, аьлла дIахьедарш дира нохчийн оппозиционерийн каналаша. Официал-хаамаша бахарехь, и нах бара ницкъахошна тIелеттарш. Церан хаамашца, Гуьмсера бахархой бара уьш – Руслан а, цуьнан вешин кIант Зелим а. Жигархойн информацица, байинчарна а, нохчийн ницкъахошна а юкъахь герзаш деттар нислелла, кадыровхой Зелим лачкъийна дIавига гIортарна. Иштта хоуьйту жигархоша, тIелатар динчул тIаьхьа Зелиман боллу гергара нах дIабигарх, билггал маса стаг лачкъина хууш дац.
  • Вийначу шиннах хаамаш цхьацдолчунна тIехь бен богIуш бац нохчийн ницкъахойн официал - хаамашца. ШолгIачара и байинарш Гуьмсара бахархой бу элира. I963, I989 - чу шерашкахь бина, вовшашлахь гергарло долуш а. Талламийн комитетан урхаллехь церан цIераш ца йийцира. Iедалхоша дийцарехь, бакъо йоцуш герз лелочеран лорахула бахча, цхьана цIенна уллохь цу шина стага ницкъахошна тIелатам бира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG