ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра Росгвардин белхахой Украинерчу тIаме хьовсорах дIахьедина Кавдыровс


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу Росгвардин шина тобанера эскархой Украинерчу тIамехь дакъа лаца дIахьовсорах лаьцна дIахьедина Кадыров Рамзана – "Север" полк а (Соьлжа-ГIалахь куп тоьхна йолу Кадыров Ахьмадан цIарх 141-гIа полк), "Юг" батальон а (Веданахь куп тоьхна йолу 249-гIа батальон).

Росгвардин белхахой новкъа бовлуш яьккхина видео Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу канале хIоттийна. Цаьрга бистхилира Нохчийчоьнан официалера хьаькамаш – республикан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад, регионерчу Росгвардин урхаллин куьйгалхо Делимханов Шарип, МВД-н куьйгалхо Алханов Руслан, вице-премьер Висмурадов Абузайд а.

Ши де хьалха "масех эзар вуно чIогIа кийча болу лаамхой а, тоьлла эскархой а" дIахьовсорах лаьцна дIахьединчу Кадыровс Украине хьийсийначу эскархойн дерриг терахь ца олу. Хаамца арахецначу видео тIехь цхьанна меттехь ца хаало кхо бIенал сов стаг.

Видео тIехь цхьаболчу эскархошна тIехь гуш къорза береташ ю. Вукхеран бедаршна тIетегна йозанаш ду: "На Киев", "Нам нужен мир. Желательно весь!", "Gangster".

ТIаьхьо Нохчийчоьнан хаамийн министро Дудаев Ахьмада билгалдаьккхира, Украине хьийсийначу эскархойн декъехь "Ахмат-Грозный" ОМОН-н а, мехкадаьттан, газан объекташ ларъеш йолчу Нохчийчуьрчу Росгвардин полицин полкан белхахой а хилар.

  • Марсхьокху-бутт болалуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, Украинерчу тIамехь дакъа лаца кийча 19 эзар гергга республикан вахархо ву. Салтий тIеман тийсдаларш доьлхучу меттиге дIахьийсоран йоккхачех цхьа майда хилла йолчу регионан куьйгалхочо гуттара а дIахьедо цига хьийсийначу нехан терахьах лаьцна, амма иза бакъ хилар шеконашка дуьллу эксперташа.
  • Нохчийчохь куп тоьхна йолу Росгвардин тобанаш формалехь федералан хьукматана юкъайогIуш ю, амма баккъала долчу хьолехь Кадыров Рамзанан куьйгкIелахь ю.
  • Буча, Ирпень, Гостомель гIаланашкахь маьрша нах байъарна бехке ю аьлла украинхойн Iедалхоша "Север" полк.
  • Охан-баттахь оппозицин 1ADAT телеграмерчу каналано хаамбира, Кадыров Рамзана даржах вохийна Тушаев Мохьмад Украинехь каракхаьчна долу герз дIадохка гIертарна.
  • Немцов верна чувоьллиначу пхеаннах цхьаъ – "Северан" хилла эскархо Дадаев Заур ву. Вер кечдинарг хила мега аьлла шеконашкахь ву Геремеев Руслан – батальонан командиран хилла гIовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG