ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра схьаваьлла ши стаг бехке вина Польшехь къайлаха миграци вовшахтохарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Польшин Катовице гIаларчу Къоман прокуратуран коррупцица а, цхьаьнакхеттачу зуламхойн тобанашца а къийсам латточу Силезин декъо бехке вина бакъо йоцуш шайн махкахь вехаш хилла Нохчийчуьра схьаваьлла ши стаг, къайлаха миграци вовшахтохарна.

Официалан хамца догIуш ма хиллара, цаьршимма Украинин махкахочуьнца цхьаьна доза хадор кечдина хилла Гергарчу Малхбалера схьабевллачу нахана, царна Польшехула Германе транзит а еш, хаам бо Катовице гIаларчу порокуратуран зорбан сервсисо. Оцу нехан цIераш йохуш яц.

Зулам дарна шеко йолуш лецнарш болх беш хилла Грецехь а, Словакехь а, Венгрехь а, Австрехь а, Германехь а, ткъа иштта Гергарчу Малхбалерчу пачхьалкхашкахь а. Нагахь и шиъ бехке хилар тIечIагIдахь, цаьршинна чохь яккха хан тоха мегаш ду хIоранна а 8 шаре кхаччалц.

  • Хьалхо хаам бинера, полякийн дозанхоша низамашца догIуш доцу миграцин канал сацийна хиларх лаьцна, Белорусехула схьадогIуш долу. Иза вовшахтохарна бехке вина Гуьржийчоьнан ши вахархо лаьцна, кхел хиллалц аьлла, ткъа цаьршинна гIо деш хилла церан махкахо чувоьллина, 6 бут хан а тоьхна.
  • Охан-баттахь Псковн областехь Пыталовски кIоштан суьдо хIоранна 9 шо хан тоьхна ши нохчо чувоьллира 2020-чу шарахь Лахьан-баттахь, къайлаха Латве дехьавала гIортарна.
  • Стохка Литван дозанхоша Шальчининкски кIоштахь дозанна гергахь хьуьнхахь лецира 19 нохчо. Пхи стаг а, 4 зуда а, бераш а Литва кхаьчнера Беларусин территорина тIера.
  • Дуккха а нохчий Европе дIагIоьртира Нохчийчохь шолгIа тIеман компани йолаелча – 1999-чу шарахь Iай. ТIечIагIбина боцчу хаамашца, Евробартан пачхьалкхашкахь йолчу нохчийн диаспоран терахь хила мега 200 эзар сов стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG