ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу "спецназан университетна" иштнехьа 350 млн сом делла


Гуьмсара "Оьрсийн спецназан университет". Нохчийчоь
Гуьмсара "Оьрсийн спецназан университет". Нохчийчоь

Украине дIаэхийта "йолахой" кечбечу Гуьмсерчу "Оьрсийн спецназан университетна" (РУС) 2022-чу шарахь "иштнехьа" делла 349 млн сом - цхьа шо хьалхачул пхоьазза дукха иза. Университетна тIедолу ахча а кхузза хьаладаьлла, аьлла ду Федералан йасакхан сервисан жамIашкахь.

"РУС" клубан тIедаьлла ахча 2022-чу шарахь 116 млн сом дара - 2021-чу шарахь и терахь 28 млн сом бен дацара. Иштнехьа клубана делла ахча 349 млн сом ду; цул цхьа шо хьалха - 54 млн сом дара. Ахча схьадолучу хьостанан цIе йоккхуш йац.

Дайнчу шарахь "Оьрсийн спецназан университетан" харжаш 344млн сом йара (2021 - 66 млн. 2020 - 24 млн). Дoккхах долу дакъа "гIирс, кхин дIа мел оьшург" эца дIахьажийра – 270 млн сом, важа 71 млн куьйгаллин хьашташна хьажийра.

2017-чу шарахь дуьйна схьа клубо дуьххьара официалехь шен болх 1,6 млн сом зен хуьлуш берзийра.

Оьрсийчоьнан Минюстан сайтехь "РУС" клубо шен белхан жамIаш довзийтира. Кхечу пачхьалкхашкара ахча шайна ца кхочу, деккъа "оьрсийн коммерцийн цхьаьнакхетараллийн гIоьнца" лаьтташ бу шайн болх, аьлла.

"Оьрсийн спецназан университетан" кертахь даимна кечамаш беш Росгвардин ницкъахой а, ОМОН-н белхахой а бу, амма цхьанна ницкъаллин министраллашца йоьзна йац иза. Кехаташца дуьстича, иза ша лелаш йолу коммерцехь йоцу цхьанатохаралла йу – спортан герз кхийсаран "РУС" клуб). И клуб Нохчийчоьнан дешаран министраллин лицензица болх беш йу.

Украинера тIом 2022-чу шеран чиллан-баттахь болабелчхьана "университетет" йерриг пачхьалкхехь йолахой кечбаран уггар боккха бух хилира. Дуьйцура, хIора кIирнахь университето тIамна 200 "лаамхой" шайх олурш кечбарх.

  • Нохчийчохь йолчу "спецназан университетах" тера йолу тIеман кечаман центраш хенаца Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь хила тарлуш йу. Уьш кхоллийта шайга аьлла Путин Владимире дIахьедар деш бистхилла цуьнан администрацин куьйгалхочун гIовс Кириенко Сергей а, Гeнарчу Малхбaлера федералан гонан векал Трутнев Юрий а. Нохчийчу бахана йухабаьхкича хилла церан оцу тайпа къамелаш.
  • Зазадоккху-беттан йуьххьехь "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" керла директор Ахмадов Iабдула хIоттийна, иштта АО "Республикан урхаллин компани" а йу цуьнан куьйгкIелахь. 2017 шеран товбецан-баттера 2023 шеран зазадоккху-батте кхаччалц йолчу йукъанна "Оьрсийн спезназан университет" кхоьллинарг а, цуьнан директор а Чудан Алексей Витальевич вара. И берриге хаамаш пачхьалкхан Цхьаалин юридикан реестрехь зорбане баьхна.
  • Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима уггар ладамерчу инвестицион-проектех дIатоьхна спортан а, туризман а центр. И центр йийриг "Мастер" АО йу - иза Украинерчу тIаманна нах кечбечу "Оьрсийчоьнан спецназ-университетаца" йоьзна лаьтта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG