ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра Украине тIаме хьийсийначарлахь – шогачу зуламашна таIзарш динарш бу


Нохчийн эскархой бу Мариуполехь, Украина
Нохчийн эскархой бу Мариуполехь, Украина

Украинана дуьхьал Оьрсийчоьнан тIамехь дакъалоцуш бу кеп-кепарчу зуламашна таIзарш дина, царех цхьаболчийн хIинца а тоьхна хан чекхъяланза ю. ТIамехь дакъалаца хьажийна Нохчийчуьра 2,5 эзар кадыровхо а, "лаамхой" олурш а тIехь болуш, украинхойн талламхоша зорбане даьккхина тептар зийначу журналисташна къаьстина царна юкъахь рецидивисташ а, иштта набахтехь яккха тоьхна хан чекхъяланза а нах хилар.

"Можем объяснить" телеграм-каналан лараршца, Нохчийчуьра Украине вахначу 953 "лаамхочух" тептарера мел лахара а 101 стаг "бехкзуламе хьалхалера а, тахане а" йолуш ву. Талламан авторша динчу зерашца, кхелийн сайтийн хаамашца, уггар а гIарадевллачу бехкзуламан Iедалан къепашна юккъехь ду къоланаш, талораш дар, курхаллаш лелор, бакъо йоцуш наркотикаш а, герз а лелор, некъан низамаш талхор. Ишшта бу царлахь кхиазхойн хенехь болчу нахаца гIуллакх деанарш а, бакъо йоцуш дIаьвше хIуманаш лелийнарш а, балха тIехь харцонаш лелийнарш а.

Иштта, Украине хьийсийначарлахь нисвелла масийттазза кхеле хIоттийна Тайсумов Бекхан – 2022-гIа шо дерззалц юкъарчу рожехь йолчу колонехь курхаллаш лелорна хан такха везаш вара иза. Иштта материалехь хьахийна, Зазадокху-баттахь ца ваьлла белхаш бан таIзар кхайкхийна, амма хан токхучу метта Украине вахана тутмакх Магамерзуев Тамерлан а.

  • Стигалкъекъа-беттан юьххьехь чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс волчу Ирасханов Аслана Украине новкъайоккхучу рогIерчу, лаамхойх лаьттачу тобане кхайкхамбира, талораш ма леладе аьлла.
  • Чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсо Ирасханов Аслана дIаязйина хила мегаш йолу аудио арахийцира бакъоларъярхоша. Шен куьйгкIелболчарна цо тIедуьллу, Украинера цIабаьхкинчу лаамхойн а, Европера цIабирзинчу нохчийн а хьокъехь "процесс йолор" – жимма а Iедална дуьхьал билгалонаш гучуйовлахь, "шога дIалеца" бохуш, дуьйцу аудио тIерчу стага.
  • Стигалкъекъа-бутт юкъабаьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикера Украине маса эскархо вахийтина дуьххьара официалехь дIахаийтира. Цо билгалдаккхарца, вуьйцург кхо эзар гергга стаг хилар. Кхул а масех де хьалха Украинан тIеман министралло зорбане даьккхира, Зазадокху-баттера Стигалкъекъа-батте кхаччалц Украинерчу тIаме хьийсийначу кадыровхойн а, лаамхой олучийн а тептар - цу тIехь 2 425 цIе ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG