ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра вахархо низамаш хедош дIалацарх лаьцна дIахьедина адвоката


ГIоьмаш кхелехь, гайтаман сурт
ГIоьмаш кхелехь, гайтаман сурт

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело листина адвокатан Казаков Павелан аппеляцин латкъам, низамехь йоцуш герзаца цхьанакхетараллина юкъахь дакъа лацарна бехкевечу Эрсимиков Iийсана тIехIоьттина ву иза.

Кхелехь адвоката дIахьедина ма-хиллара, 2020-чу шеран мангал-баттахь Эрсимиков низамаш хедош дIа а лаьцна, Устрада-ГIалин МВД-н цхьана ханна чохь латторан изолятор чувоьллира, кехаташ а ца кечдеш. Шен кхерамазаллин бакъонех кхетийна а ца хиллера иза, иштта адвокат а ца веллера. Бутт баьлча, марсхьокху-беттан 17, талламхочо сацам бира, бехктакхаман гIуллакх ца доьллу, аьлла, амма оцу дийнахь юхаийцира и сацам, делахь а, юха а бинчу талламо гIуллакхехула сацам ца бира.

2020-чу шеран гIадужу-баттахь адвокат Шела гIалин кхеле велира, талламхочо лелийнарг низамехь догIуш ца хилар тIелацийта. Полицино кхелехь Эрсимиковн арз гайтира, цу тIехь бохура, цо шен латкъам къобалбеш бац, Казаков адвоката шена луург дуьйцуш вац, аьлла. Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело материалаш Шела юхаерзийра, адвоката кхин дIа а гIертара талламхочо лелийнарг низамехь доцуш хилар тIелацийта, ПхоьалгIачу кассацин кхеле велира иза. Амма Шелан гIалин кхел юха а дуьхьал хилира и латкъам къобалбан.

Латкъамехь Казаков Павело билгалдоккху, гIуллакх юха а толлучу юкъанна гIалин кхело шена кассацин кхело тIедиллинарг кхочуш ца дина, вуьшта аьлча, шен лаамехь дIахаьдда Эрсимиков адвокатах, йа ницкъаца дайтина цуьнга иза билгал ца даьккхина цо.

Терроран гIуллакхна гIо латторна а, низамехь йоцуш, герзаца йолчу цхьанакхетараллина юкъахь дакъа лацарна а бехке веш волчу Эрсимиков Iийсан гIуллакх Къилбан гонан тIеман кхеле хьажийна. Билггал оцу бух тIехь юха а дуьхьал хилла Нохчийчоьнан Лаккхара кхел латкъам тIеэца, хIунда аьлча, иза бехктакхаман гIуллакхехула коьртачу кхелан талламехула листа йиш хиларна.

  • Хьалхо бакъоларъярхоша дийцира Кавказ.Реалиига, дуккхаъчу "терроран" гIуллакхашна тIекхочийла дац шайн, цундела аьтто ца хуьлу, кховдийна бехкаш бакъхилар талла. Амма информаци гучуяьллачу кIеззигчу меттигашкахь низам хедор а, харцонаш а хаало.
  • СИЗО чохь латтош волчу дагестанхойн "Черновик" газетан журналиста Гаджиев Абдулмумина шеца набахтехь валлош волчу Мирзалиев Мирзалин дийцар гIардаьккхира, экстремизмана дуьхьало латторан Центран белхахоша Iазапехь латтийна хиллера иза. И дийцар гIардаккхарна Дагестанерчу адамийн бакъонехула векалвинчо Алиев Джамала республикан Талламан комитете арз кховдийра, гIуллакх листа, аьлла.
  • Гуьмсан кIоштан РОВД-н белхахоша масех кIирнахь Iазапехь латтийнера зудий-майрий Алхазов Мубарик а, Тазабаева Хьава а. Юьртара цхьахйолчу гIишло тIе дуьненаюкъарчу терроран вовшахтохараллин "Исламан пачхьалкхан" байракх шаьш тоьхнера ала баьхнера цаьрга. Царна тIе кхехкаш хи Iенош, Iазап хьоьгуьйтуш хиллера кадыровхоша, доьзалхошна тIехь ницкъбарца кхерамаш тийсина хиллера. Цхьадолу Iазапаш билггал сийсазалле дара, сексуалан бух а болуш. Цигара маьршадаьлча зуда-майра Оьрсийчуьра дIадаха декхаре хилира. Цара динчу орзехула цхьа а жоьпалле ца озийна.
  • 2019-чу шарахь "Новая газетано", ПЦ "Мемориало", "Iазапашна дуьхьало латторан комитето", "Бакъонан инициативо" дийцира, Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППСП №2 гIишло чуьрчу къайлахчу набахтехь Iазапаш лелоран керла тоьшаллех лаьцна. Иштта цара дийцира 2017-чу шеран дечкен-баттахь 27 стаг верна тешаш бу, аьлла.
  • Нохчийчоьнан Iедална оппозицехь лаьтташ болчу 1ADAT боламо арахецна таллам Росгвардин СОБР "Ахматан" къайлахчу набахтех лаьцна. Жигархоша чIагIдарехь, цигахь латтабо, Iазап хьоьгуьйту республикера лечкъийначу бахархошка. Видео тIехь дуьххьара гойту къайлахчу набахтин дакъа – иза оперхойн чоьнна а, набахтин камерашна а юккъехь йолу чоь ю. Иштта гойту оцу гIишлонан схема а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG