Казахстанера талламан изоляторехь латтош волу Нохчийчуьра вахархо Мовлаев Мансур ша шена тIе куьйгаш дахьа гIоьртина. ТховкIело йала дуьхьало йинчул тIаьхьа дуьйна Оьрсийчу дIаваларе ладоьгIуш Iаш вара иза. Цо шена тIаьхьа дита дагахь йаздинчу кехата тIехь цо боху, нохчийн ницкъаллин структурийн белхахошка шена тIехь Iазапаш хьегийта ца лаьа шена.
Хиллачух лаьцна хаамбина "Новая газета. Европа" хьасто, адвокатана Дроздов Вадимна тIетевжина. Ишта газето зорбане даьккхина тутмакхо йаздина кехат, цу тIехь цуо боху, йа кхелана а, йа прокуратурина а ша бохург хезаш дац, хIоьттина ша лелочу "харцонна" аьлла.
"Цара [нохчийн ницкъахоша] суна тIехь гIело латтор йу, Iазапаш хьоьгуьйтур ду соьга, со вуьйр ву цара, цул тIаьхьа эр ду "ша шена тоьхна, велла иза", - йаздина Мовлаевс. Иштта цо дехар дина Казахстанан Iедалхошка, шен дакъа кадыровхошка ца кхачийта, ша оцу пачхьалкхехь дIаволлахьара аьлла.
Ишта Мовлаевс доьху жигархо Емельянова Юлия а кIелхьарайаккхар. Оьрсийчоьне дIайала кхерам лаьтта цунна а.
Хьасто зорбане даьккхина, адвокато шайга кхачийна сурт. Цу тIехь гуш ду, Мовлаевс шен пхенаш хедийна хилар.
ТIамана дуьхьал йолчу Оьрсийчоьнан комитето дIахьедина, Мовлаевна тIе лоьраш балийна, цуьнан дахарна кхин дIа кхераме хIуммаъ а дац аьлла.
Талламан изяляторан куьйгалло цкъачунна оцу хаамах лаьцна аьлла дош дац.
Кассационан кхел гезгамашин-беттан 10-чу дийнахь реза хилла Мовлаевна тховкIело ца йала а, иза Оьрсийчу дIахьажон а бинчу сацамна, ткъа цунна кхерам лаьтта бохуш ден дIахьедарш, тIечIагIдина дац боху тоьшаллашца.
2025-чу шеран стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна Алматахь лаьцна латтош ву Нохчийчуьра вахархо. Оьрсийчоьно иза шайга схьавалар тIедожийна, нуьцкъала ахчанаш даьхна цо аьлла, бехке а вина. И гIуллакх шайггара кхоьллина ду боху Мовлаевс. Гезгамашин-беттан йуьххьехь Цхьанатоьхначу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонашкахула йолчу лерринчу докладхочо Кацарова Маринас дIахьедира, нагахь санна Мовлаевна экстрадици йахь, "цунна т къизаллаш лелор йу" аьлла.
- 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Шела кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн белхахоша лачкъийра Мовлаев, цул тIаьхьа иза латтийра Нохчийчуьра цхьана "къайлахчу набахтехь". Цуьнан эххар а ка йелира цIера вада, кехаташ карахь а доцуш кхечира иза ГIиргIазойчу.
- 2023-чу шарахь Мовлаевна 6 бутт хан туьйхира Бишкекан кхело, бакъо йоцуш шайн пачхьалкхан доза хадорна. Оццу шеран лахьан-беттан 20-чу дийнахь цунна тоьхна хан чекхйелира, тIаккха Мовлаев дIавахара ГIиргIазойчуьра, ша Оьрсийчоьне дIалахь а аьлла.
- 2025-чу шеракн стигалкъекъа-бутт йуккъе баьллачу хенахь Мовлаев лецира Казахстанера Алматахь, Оьрсийчоьнан дехарца. Нохчийчуьра вахархо йуха а лецира, цо шена тховкIело йоьхуш чу кехат делира, амма казахстанхойн Iедалхоша дуьхьало йира цунна. Ткъа 2026-чу шеран йуьххьехь пачхьалкхан Коьртачу прокуратурано Мовлаев схьавоьхучу Оьрсийчоьнна жоп делира.
- Кху бIаьста Нохчийчохь веха Мовлаевн ваша чолхечу чевнашца дарбанан цIийне кхачийра, дуьйцура полицин декъехь тIехь гIело латтийначул тIаьхьа иза цига кхаьчнера.