ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра ворхI вахархо Германера араваьккхина. Царна кхераме хиларх дIахьедо диаспоро

Нохчийчуьра мухIажарш Германино Оьрсийчоьне дIабаларна дуьхьал нохчийн диаспоран векалша хIоттийна митинг
Нохчийчуьра мухIажарш Германино Оьрсийчоьне дIабаларна дуьхьал нохчийн диаспоран векалша хIоттийна митинг

Гезгамашин-беттан 14-чу дийнахь Германино шайн пачхьалкхера араваьккхина Нохчийчуьра ворхI вахархо. Бакъонашларйархочо Дунаева Розас тхан редакцига дийцарехь, уьш махкара бевдда баьхкина бара цигахь Iедало баха а ца битина. Депорт йинчийн цIераш йовзуьйтуш йац зорбанашкахь. ЧIагIдо, царна даймахкахь кхераме хиларх.

Дунаевас бахарехь, пачхьалкхера арабаьхначара массара а йоьхура Германига тховкIело, цара Iедалхошна тоьшаллаш а динера шайна нохчийн Iедалхой тIаьхьабевлла хиларх лаьцна. Кхаа шарера пхеа шаре гергга хенаш йара уьш цигахь беха, амма хIетте а тховкIело йала дуьхьало йина царна, мича бахьанашца, билггал хууш дац.

"Къаьсттина тхан сагатдийриг ду, Нохчийчуьра бахархой Германино дIахьийсор кхоалгIачу пачхьалкхашкахула хилар - уггар а хьалха Гуьржийчухула, йукъ-кара Таджикистанехула а, Узбекистанехула а. Оцу кепара некъех пайдаэца мегар дац Германино дуьненайукъара бакъонаш ларйийр йу аьлла, тIелаьцна декхарш тIех а туьйсуш. И стаг шайн пачхьалкхера аравоккхучу хенахь цара лардан дезаш ду цхьацца низамаш а, бакъонаш а", - дIахьедо Дунаевас.

Иза а, цуьнан накъостий а лерина бу оцу Оьрсийчу дIахьежийначу нехан хьокъехь миграцин хьукматаша лелориг таллийта.

Хьалхо нохчийн диаспорин векалша тIедожийра Алхазов Муслим а, ишта АбуевгIеран а, МуртазовгIеран а, ШахбиевгIеран а, УмаровгIеран а, кхинболчийн а доьзалшна депорт йар озабезамаш а ца лелош, таллар. Уьш берриш а Нохчийчуьрчу Iедалан рожах бевдда баьхкинера, Оьрсийчу дIахьовсабахь царна кхерам лаьттара- бертаза тIаме бахийта, йа тIехь ницкъбан. Амма хIетте а Германин Iедалшна церан тоьшаллаш тоаме ца хийтира, тховкIело ца йеллачу масех Нохчийчуьра доьзало кхелаца къуьйсуш ду шайн гIуллакхаш.

  • Алхазов Муслим (Мубарик) кест-кеста лачкъийна дIавуьгура, цунна тIехь Iазапаш а хьоьгура ницкъаллин структурийн белхахоша. Нохчийчохь ши тIом боьдучу заманчохь Ичкерина гIо латтийна аьлла, бехкевинера иза йуьхьанца. 2018-чу шарахь Алхазовна кхин керла бехк тIебожийра, магийна йоцчу "Исламан пачхьалкхан" байракх цо эвлахь дIатоьхнера аьлла. Масех де полицин декъехь даккхийтира цуьнга. Цига схьадалийнера цуьнан да-нана а, хIусамнана Тазабаева Хьава а. ХIусамнанна йиттина а хиллера, бакъо йоцуш чохь лаьцна а йитинера. Алхазовс бехк шена тIелаьцначул тIаьхьа, берриш а дIахийцира.
  • Адамашна тIехь Iазапаш хьегар сацо дезарх лаьцна Европан кхерамзаллин а, йукъарлонийн а Организацин (ОБСЕ) кхеташонехь нохчийн диаспоран векалша кхайкхамбира европахойн Iедалхошка Къилбаседа Кавказера баьхкина, шайга тховкIело йоьху нах Оьрсийчоьне дIа ма лахьара аьлла. МухIажарш тIеэцар официалехь лахдинчех цхьа Германи йу, амма бакъаонашларйархоша чIагIдо, Украинехь тIом болийчхьана оцу сингаттамехь боллу мухIажарш хилар. Церан зерашца, Оьрсийчу дIахьийсийначул тIаьхьа хIинцале а вийнарг ву Кавказерчу бахархойх 20 стаг.
XS
SM
MD
LG