ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра яхархо юха а Дагестане яда гIортар тIе ца чIагIдина


Тарамова Хьалимат
Тарамова Хьалимат

Нохчийчуьра яхархо Тарамова Хьалимат юха а яда гIоьртина хилла Дагестане аьлла, хааме даьккхинера Baza телеграм-канало. Бакъоларъярхочо, журналисто Анохина Светланас бахарехь, бакъ дац и.

"ГIелонах бевдда зударий дIалечкъачу хIусамера лачкъийна дIа а юьгуш, тоххара цуьнан яда аьтто баларх, хIинца Хьалимат дозане бен кхаьчна яц", - яздина канало.

Анохинан дешнашца, дуьйцург бух болуш дац. Бакъоларъярхочо бахарехь, цунах лаьцна шена ма-хезза, Тарамоваца уьйраш йолчаьрца зIене елира ша, цара хаам бакъ ца бира аьлла.

  • Кадыровхоша, ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь ницкъаша Нохчийчу дIайигина Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI Тарамова Хьалимат. Иза ядош гIодина меттигерчу полицно. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша текхош, етташ бигина полицин декъе.
  • Хьалхо Тарамова Хьалимата видео яржийра ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо. Едда лелларг цакхаьчча юьйр ю, "доьзалан сийн дайъина" аьлла, орца доху бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG