ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра яхархочунна кIентан орден эшийна


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоьнан МВД-н патрулан-постан сервисан полк
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоьнан МВД-н патрулан-постан сервисан полк

Нохчийчуьра яхархо Хамидова Бахумеседо шен кIантана йогIу "Mайралла" орден схьа ца эцалуш йисна. Республикан лакхарчу кхело тIаьхьадисинчарех лерина цуо дина дIахьедар. 2002-чу шарахь кхелхинчу Iедалан белхалочунна йогIу цIе а, орден а схьа ца луш, сацийна. Кехаташ шен хеннахь чу цадалар бахьана долуш.

Кехаташ кхеле кховдийначу ненан кIант шелан кIоштан РОВД-ехь болх беш хилла. 2002-чу шеран гезгамашан-беттан 3-чу дийнахь кхелхина и. Чири-юьртахь иккхинчу машенахь, шеца кхин а ялх белхан накъост а волуш. РОВД куьйгалхоша дош делла хилла, цу кхелхиначарна хьакъдерг дерриге дийр ду аьлла. Цу гIуллакхна лерина долу кехаташ кечдина МВД дIаделла а хилла.

Цул тIаьхьа масех шарахь и кехаташ РФ президентана тIе ца кхачош, Нохчийчохь Iехкийна. РФ куьйгалхочо магон дезаш дезаш хилла уьш. МВД белхалоша уьш шен хеннахь дIа ца хьовсор бахьана долуш гIуллакх галдаьлла. Дерриге ма-дарра дIадийцича а, кхелахочо Хамидова тергалъеш яц.

Оьрсийчоьно Украинехь тIом болабарца чевнаш хиллачарех иттех оьрсийн а, цаьрца Къилбаседа-Кавказера масех эскархоша а дIахьедарш дина кхеле. Шайн могашаллина хилла зе меттахIоттош гIо дехарца. Цаьрца бара Дагестанера меженаш гIорийна тIамера цIавалийна контрактхо а, ХIирийн махкара а, Нохчийчуьра а эскархой а.

  • Нохчийчуьра Украине шайн "лаамца" боьлхучарна цу тIам тIехь чов хилахь, кхо миллион сом страховка йогIу аьлла ду. Амма и страховка оьшучу хьолехь нисбеллачарна ма-хетта дIалуш яц. 1990 а, 2000 а шерашкахь Къилбаседа Кавказехь хилла "контртерроран операци" дIаехьначарна хIинца а лур ю аьлларг дIаелла яц.
  • Гезгамашан-баттахь Буро-гIаларчу (Владикавказ) тIеман кхело масех эскархочун чевнаш йина хилар шаьш бакъ ца лору аьлла сацамаш бира.
  • Свердлов - областан депутато Иванов Максима чIогIа сагатдочарех ду и хьал аьлла дийцира. - Нехан аьрзнаш, реза цахилар, чевнаш йолучеран ца йо терго, царна йогIург дIа ца луш сацийна латтор, кхин дIа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG