Нохчийчуьра йолахочо Калишев Ахьйада Украинерчу тIаме ваха цалаар дIахьедина, цу бахьанна иза эскарера дIаваьккхина. Соьлжа-гIалин гарнизонан кхело эскаре йухаверзар дихкира цунна. Къилбехьарчу гонан тIеман кхеле латкъам чубелира, ткъа цара иза къобал ца бира. Аппеляцин ладогIарш мангал-беттан йуьххьехь дIадаьхьира. Амма сацам кхело хIинцца бен зорбане ца баьккхина.
Эскаран декъера йолахо дIаваьккхира 2022-чу шеран товбеца-баттахь. Бахьана дара батальонан буьйранчас Калишевна "лерринчу тIеман операцехь" дакъалаца ца лаьа аьлла рапорт чуйалар. Украинна дуьхьалчу тIамах Оьрсийчохь "леррина тIеман операци" олу.
Йолахочо ша балхара дIаваккхар низамза лерира, цо Соьлжа-гIалин гарнизонан кхеле кховдийра шен гIуллакх. Цигахь цхьана декъана цуьнан лаам къобалбира, цунна йалан йогIу мукъа хан ца луш, иза дIаваккхарна, амма балхара дIавоккхуш делла омра хийцамза дитира. Къилбехьарчу гарнизонан тIеман кхел тIетайра цу сацамна.
- Украинерчу тIаме баха цалуу эскархой республикехь хиларна даре ца до Нохчийчоьнан куьйгалло. ГIуран-беттан 29-хь хиллачу конференцехь махкахь "тIом бан цалуурш" бац аьлла дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
- Соьлжа-гIаларчу гарнизонан тIеман кхело набахтехь йаккха ши шо хан туьйхира эскархочунна Хмелев Александрана. Иза бехкевира мобилизи йолчу муьрехь эскаран гIуллакхах къахкарна аьллачу артиклаца. Официалерчу хаамца, гезгмашин-баттахь Украинина дуьхьалчу тIаме ваха тIекхайкхича, "иза, эскаран гIуллакх дIакхехьа тIе ца вогIуш, шена лаамехь хан такха висира", Ростов-на-Дону гIалахь, гIадужу-беттан 12-гIа тIекхаччалц.
- Соьлжа-ГIаларчу кхело контрактхочунна Гереев Курашна, шен лаамца эскаран дакъа дIатасарна, арахь такха ахшо хан тоьхна. Эскаран дакъа цо дIатесира стигалкъекъа-баттахь, ткъа йухавирзира иза гезгамашин-беттан 24-чохь.