Политикан Закаев Ахьмадан вешин кIант – Хьусейн – Украинера тIаме вахийтина кадыровхойн тобанхошлахь. Стигалкъекъа-баттахь цуьнан ваша а, иза а лаьцнера Хьалха-Мартанахь ницкъахоша.
"Соьлжа-ГIалара "Северный" олучу аэропортера "бехкала вахначу" 200 стагаца цхьаьна вахийтина иза, дийцина Кавказ.Реалиига цуьнан гергарчо Закаев Шемала. – Ша Хьусейн заьIапхо ву, дукхазза этIийна иза цуьнан букъсуртаца йолу къуркъал (позвоночная грыжа) бахьана долуш. Чомахь охьахиъна Iалуш вац иза. Ахьмадан лелочу гIуллакхана тIехула иза вахийтина аьлла хета суна".
Стенна бехкала вахна 200 стаг ву и, редакцина хууш дац. Оцу йукъанна сайтан хаамашца, тобанан декъахошлахь хилла Куруев Валид а, тоххара Нохчийчуьра муфтийн гIовс хилла волу. Закаевс бахарехь, Куруев и хилла иштта лаьцна хьалхо, мича бахьанаца – хууш дац.
Дагадоуьйту, 39 шо долу Закаев Хьусейн лецира шен вешица Бисланца чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина чуйогIучу Кадыров Ахьмадан цIарахчу 2-чу полкан эскархоша. Бислан тIаьхьо дIахецнера, Хьусейнан кхолламах хIуммаъ а хууш дацара.
- Украинан интернационалан легионан декъехь Нохчийн Ичкерия республикин тIеман ницкъийн ОБОН батальон кхоьллира стохка товбеца-баттахь Закаев Ахьмадан омраца. Цуьнан командир хIоттийра Зумсо Хьаьжа-Мурд. ХIара хIинцале а доьалгIа дакъа ду, Украинана гIоьнна дозанал арахьа бехачу Ичкерин агIончаша кхоьллина. ГIадужу-баттахь хаамбора, Закаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккхарх, цо юттьюбехь батальон кхолларх видео хIотторна.
- 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Украинехь тIемаш бен махкара бахархой хьовсийра Кадыров Рамзана Закаев Ахьман вен. И дан ка йаьллачунна хьоле дахар хуьлуьйтур ду ша республикехь элира цо. Иштта Нохчийчоьнан урхалхочо чIир хьейира, Украинехьа болчу Ичкерин агIончашна. Товбеца-баттахь Украинан байракха бухахь тIемаш бечу батальонийн декъашхоша дIахьедар дира, Нохчийчохь Кадыровн рожана дуьхьал йаккха гIаттамхойн тоба вовшахтухуш ду шаьш аьлла.