ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра жимстаг лаца бакъонна куьгйаздина Немцов верна бехкевечун вашас


Геремеев Руслан
Геремеев Руслан

Москварчу "Домодедово" аэропортехь лаьцна, Нохчийчуьра полисхошка дIавелла гей Арсамиков Идрис лаца йеллачу бакъонна куьгйаздина Шелковскан кIоштарчу полицин декъан хьаькамо. Ву иза Геремеев Рустам – оппозицин политик Немцов Борис вен кечам бинчу нахаца хилла ву аьлла, 2015-чу шарахь лехамашка веллачу Геремеев Русланан ваша.

"Медиазонас" билгалдаккхарехь, ориентировкина куьгйаздина хилла Геремеев Рустама чиллан-беттан 15-чохь, курхаллаш лелийна аьлла цунна дуьхьал айдина гIуллакх толлуш ду 2021-чу шарера схьа дуьйна – оцу хенахь Арсамиков Нидерландашкахь ву.

Шелковскан ОМВД-хь хьалхо Iазапаш хьегийтина Арсамиковга, цунна тIехь ницкъбеш дакъалаьцна ву ша Геремеев а, дийцина Кавказ.Реалиига "СК SOS" кризисан тобанан векало.

Домодедовон аэропортехь лецира Арсамиков Идрис чиллан-беттан 15-чу буса, цул тIаьхьа нохчийн ницкъахошка дIавелира, цара стенга вуьгу а ца дуьйцуш, къайлаваьккхира иза. Шо сов хьалха Нидерландашкара цIа веанера иза шен да веллачу тезета. Нидерландашка дIаваханера иза борша стагаца уьйра хилла аьлла Нохчийчохь лаьцна, тIехь ницкъбинчул тIаьхьа. Нохчийн ницкъахоша схьадаьккхинера цуьнгара арахьарчу мехкашкахь лела паспорт а, кхиндолу кехаташ а, иштта Нидерландийн Iедалша делла документаш а цхьаьна. Нохчийчохь масийттазза тIехь ницкъбинера цунна. Бакъоларйархоша билгалдаккхарехь, Нохчийчохь Арсамиковна вен кхерам лаьттта.

  • Геремеев Рустаман ваша Руслан – нохчийн "Север" батальонан хилла командир ву. Немцов Борис вийна аьлла, набахтехь даккха 20 шо хан тоьхна Дадаев Заур цуьнан куьгакIел хилла ву. Политикан Немцовн йоIа Жаннас Геремеев Руслан ву элира шен да вер вовшахтоьхнарг. Немцов вер луьсту суьдхо резахилира НемцовгIеран адвокаташа Геремеев Руслан кхеле кхайкха хеттарш дан аьлла, тIедожорна, амма талламчаша тIаьхьа дIахьедира, иза ца карийна шайна, Геремеев вехачу хIусаме даьхкира шаьш, неI ца йиллира цхьаммо а аьлла.
  • ХIетахь дуьйна масех шерашкахь Геремеев стенгахь ву хууш дацара, тIечIагIбазчу хаамащца, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмирташка дIавахана хила тарлора иза. Делахь а, 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Оьрсийчоьно оккупаци йинчу территори тIехь хаавелира иза – Мариуполехь, цул тIаьхьа лазийна дарбанан цIийнехь гайтира, Нохчийчоьнан куьйгалхо цуьнга хьажа а вогIуш.
  • Немцов вийна пхи шо кхочуш президенто Путина "Пачхьалкхана гIуллакхаш дарна" аьлла орден йелира Федерацин Кхеташонан декъашхочунна Геремееев Сулейманна – ГеремеевгIеран Русланан а, Рустаман а деваша ву иза, ткъа Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парлментехь депутат волчу Делимханов Адаман шича хуьлу. ГеремеевгIеран доьзалера дуккха а бу Нохчийчохь пачхьалкхан а, ницкъаллин а даржашкахь белхаш беш.
  • Бакъоларйаран организацеша а, ООН-о а, Евроберто а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а кхайкхамбира Оьрсийчоьне, ЛГБТ-юкъараллийн векалшна тIелетарш, тIаьхьабийларш, ницкъбар леррина талла аьлла. Оьрсийчоьнан юстицин министралло таллам бинчул тIаьха дIахьедира, Нохчийчохь гейш хаабелла бац, йа церан бакъонаш талхийна меттигаш а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG