ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу "Ахмат Арена" стадионан вип-хьеший кхабан  кхин а пхи миллион  сом оьшу


"Ахмат Арена" стадионехь ву Кадыров Рамзан
"Ахмат Арена" стадионехь ву Кадыров Рамзан

"Ахмат Арена" стадионан вип-хьеший кхобуш бюджетерчу ахчанах кхин а пхи миллион сом оьшур ду. ХIара шо доладелчхьана хIинца шолгIа йеш харж йу и. Хьалхарчу контрактан мах Iедалхоша кхоъ ахмиллионца хадийнера.

5,07 млн соьмана кечйинчу тендерехь, болх дIахьочо Оьрсийчохь 2023-чу шарахь хинйолчу футболан чемпионатехь "Ахматан" исс матчехь вип-хьешашна дуург латтон деза. Стоьлаш 20 вип-ложана кечйан йогIу. Цхьаъ - цхьа гуттар чIогIа безачу хьешашна. Йуьйцург Нохчийчоьнан куьйгалхочун ложа йу. Цу чуьра дIа чемпионате хьовсуш 29 стаг хир ву - ша Кадыров Рамзан а, цуьнан уллорчу гонера накъостий а.

Дуург эцарах хаам охан-беттан 10-хь дIахIоттийна. ЖамIаш кIира даьлча довзуьйтур ду

Хьалхалерчу тендершка хьаьжча, йуучун меню билгалйаьккхина йац. Йуург оьцучуьнца меню чулацам бийцаре бан беза аьлла-м ду. Чиллин-баттахь йинчу тендеран меню чохь 3,5 млн соьмана 75 позици билгалйаьккхина йу. Царна йуккъехь базиликца кечбина котаман накха, тайскан кепехь кхаьрзина дуга а, йеттинчу гIамгIалгIнешца цхьаьна нехчийн ассорти а, кхинйолу деликатесаш а. Стохка ма-хиллара, йуха а меню чохь нохчийн халкъан даарш дац.

Цу кепара тендераш хIора шарахь дIахьо. Хууш ма-хиллара, цигахь тулуш йерг даимна а Грозненск-кIоштара Кен-йуьртара "Конселор 95" компани йу. 2020, 2021, 2022,-чу шерашкахь а, 2023-чу шеран йуьххьехь а толамаш баьхнарг а и йара. Стохка вип-хьеший кхабан 3,5 млн сом делира, амма марсхьокху-баттахь кхин а 2, 3 млн. сом керла харж йан йезаш нисло элира.

  • Американ Iедалхоша "Ахмат" футболан клуб а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд а, латархойн "Ахмат" клуб а "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь долчу санкцийн тептаре йехира. Адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал долийна ду и тептар Вашингтоно.
  • Нохчийчуьра арбитражан кхело толлуш ду махкарчу йасакх оьцучу Федералан урхаллин (ФНС) дIахьедар. Соьлжа-гIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу спортан комплексна хIоттийна, такха йезаш 6,7 млн соьмана йасакх хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG