Нохчийчухула йолчу Талламан комитетан урхалло юхаэцна нохчийн актёра Дебишев Тимура динчу орзана тIехула бехктакхаман гIуллакх делла дуьхьал хуьлуш бина сацам – полисхоша шена еттарх, Iазапехь латторах дийцинера цо.
Талламхочунна Абдулхаджиевна тIедиллина Дебишевн гIуллакхехула керла таллам бар.
Кавказ.Реалиига Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьало латточу тобанан" филиалан юриста Романов Сергейс дийцарехь, Соьлжа-ГIаларчу кхело листа дезаш дара бехктакхаман гIуллакх делла дуьхьал хилар, амма талламхоша "шайн лаамца" юхаийцира и сацам. Адвокаташна кхелехь бен хиира иза.
"ХIара доьалгIа ду кхел хуьлучу дийнахь талламо и сацам оцу дийнахь юхаэцна бохуш дIахьедеш. И зуламе практика Нохчийчохь лелла а ца Iа, Краснодаран махкахь а ю иза", - хаамбина Романовс.
Талламан комитетан сацамца рогIера гIуллакх листар 30 денна дахдина, адвоката бахарехь, цо нисса дIа низам хададо, орзехула гIуллакх листар дахдаран тоьшаллаш а до.
- Дебишев Тимура "Iазапашна дуьхьало латточу тобане" арз дира 2018-чу шеран лахьан-баттахь Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу полицин декъехь гIело йина шена, аьлла латкъам а беш. Цига иза валийна хиллера наркотикаш юхкучу йоIан телефонехь язйина цуьнан номер ю аьлла. Дебишевс бахарехь, полисхоша ток йеттара цунна, пенах корта беттара, садукъадора, сийсазаллаш лелайора, шайх цхьаъ гехь лелавойтура, наркотикаш лелочу нехан контакташ йийца бохуш.
- 2021-чу шарахь Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело низамехь боцуш лерира Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштан кхело бина сацам – цо бух болуш ду аьллера гIаларчу театран актерана Дебишев Тимурна тIехь ницкъбарна тIехула гIуллакх цаделлар. Хьалхарчу инстанцин кхело и гIуллакх кхозлагIа толлур ду хIинца.