ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу эскаран декъан куьйгаллехь берш вайначу салтичух дерг къайладахьарна бехке бина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Волгоград - махкан йахархочо Аликперова Зульфияс шен вайначу кIантах дерг къайладахьарна бехке бина Нохчийчуьра №13242 эскаран декъан куьйгаллехь берш. Аликперовас латкъам бинчу Волгоградера гарнизонан кхелехь ду и гIуллакх. Цу кхеле шен кIантах дерг шена ма-дарра хаийта аьлла йаздира цо. Кхело цуьнан гIуллакх тIе ца ийцира. Аликперова эскархо цахилар бахьана хIоттийна.

Гарнизонан кхело дийцарехь, Аликперовс эскаран декъан куьйгалхошна бехке дуьллуш дерг, шен вайначу кIантах-эскархочух цара харц хаамш балар ду. Дерриге къастош, таллам бар а доьху цо.

"Аликперова эскархо цахиларна а, йа хьалха цу статусехь ца латтарна, кхело сацам бо, и латкъам шайга кховдор шайн декхаршца догIуш цахилар тIечIагIдарца",- и гIуллакх йухадаларца, иштта жоп делла гарнизонан кхело.

Цу сацамна а Къилбехьарчу округан тIеман кхеле латкъам бина. Амма иза хIинца а тергоне эцна бац. Цу инцидентан кхинйолу агIонаш йевзаш йац. Эскархо Украинерчу тIамехь вайна хила тарло.

Дуьненйукъарчу InformNapalm-талламан цхьаьнакхетаралло, шен хьостанашна тIетовжарца 2022-чу шеран бIаьста хаам бира, №13242 тIеман дакъа 42 мотострелкован дивизин 417-чу талламийн батальонца йоьзна йу аьлла. Иза бакъдо Свобода радионо а. Хьалхо InformNapalm-гIирсо йаздира, цу йолахойн декъе хIитта луурш кIезга хиларх дуьйцуш. Цу эскархойн декъан Украинехь жигара хиларх, Украинехь царна хиллачу зенех. ГIирсо дийцарехь и эскаран дакъа Ханкалахь лаьтташ ду.

  • Новороссийскерчу йолахочун нанас шен кIант лоьху ахшо ду - эскаран декъехь цуьнга иза Украинехь ву, амма зIене вала йиш йолуш вац олу. Ткъа цуьнан кIентан накъосто цунна рапорт гайтина. Цу рапортехь иза йаханчу аьхка тIепаза вайна аьлла ду.
  • Ростов-махкан Батайск гIаларчу эскархочун Климов Владимиран доьзална иза кхелхинийла цуьнан накъосташкара хиира. Иза валар хьокъехь шайга нах телефонаш йетта буьйлабелча. Меттигерчу СМИ-гIирсаша хаам бинчул тIаьхьа. Йа меттигерчу военкомато а, йа администрацино а доьзале эскархо валарх аьлла хIумма дац.
  • Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан къилбехьара а Украинина дуьхьал тIом беш кхелхинчу кхо эзар гергга стеган цIераш хаьа Кавказ.Реалии сайтана. Боккъал долу терахь кхин а лакхара хила тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG