ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу эскархойх юьзна ю Беларусера моргаш – Тихановскаян пресс-секретарь


Нохчийчуьра эскархойн а, тIеман техникан а гайтарехь дакъалоцу эскархо, Чиллан-беттан 25-гIа де, 2022 шо
Нохчийчуьра эскархойн а, тIеман техникан а гайтарехь дакъалоцу эскархо, Чиллан-беттан 25-гIа де, 2022 шо

Оьрсийчоь Украине гIоьртинчу юкъанна Нохчийчуьра беллачу эскархойн декъий ду баккхийчу барамашкахь Беларуси кхачош.

Мозырь гIалин йоллу моргаш юьзна ю Оьрсийчоьнан байинчу бахархойх, хаамбина оппозицино Беларусин президентан кандидат хила хьалхатеттинчу Тихановская Светланин пресс-секретаро Красулина Аннас.

"Нохчий бу уьш – тIехула тIе. Хууш ду, и декъий еххачу ханна цу чохь латтаде аьлла, схьаделла хилар. "200" мохь Нохчийчу дIакхачон ца хIуьтту уьш. Оха дIахьедан деза нохчашка а, оьрсашка а Беларусин къилбера моргаш салтийн декъех юьзна хиларх. И коьрта ду, дIахаийла-кх царна. Оьрсийн пропагандина оха могуьйтур дац и лачкъон", - дIахьедина Красулинас, яздо Радыё Свободас.

Пресс-секретаро "Рада" Украинан телевизионехь аларца, Лукашенко Александр дагахь хиллера Беларусин армех дIакхета, Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно йолийначу тIеман агрессехь: "Тхан информацица, арми юкъатоха Iалашо ю, амма тхан эскарш лууш дац тIом бан, хIунда аьлча, тIом - проблемаш ерзон гIирс бац белорусашна. ХIаъ, хила тарло ФСБ-н "заградотрядаш", амма оха кхайкхамбо кегийрхошка, украинхошкахьа дехьадовла бохуш".

Красулинан дIахьедарех лаьцна официалехь информаци яц Беларусера а, йа Оьрсийчуьра а.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, махкара ши ницкъахо вийна Оьрсийчоь Украине чугIоьртинчу юкъанна аьлла. Киевна гергахь волчу нохчочо Бакаев Iелас Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь дIахьедира, байинарш кхин а дукха бу аьлла.

  • Украине гIоьртинчу заманчохь оьрсийн тIеман гIуллакхдархой байъарх дIахьедира Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс а, ГIалмакхойчоьнан урхалхочо Хасиков Батус а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас а, Краснодаран мехкан губернаторо Кондратьев Вениамина а, Астраханан кIоштан губернаторо Бабушкин Игоря а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло бакъдина, Чиллан-беттан 27-чохь Украинехь шайн эскархой кхалхарх, амма маса ву уьш, ца дуьйцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG