ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу харжамашна дуьхьал митинг хилла Венехь


Венера митинг (Австри)
Венера митинг (Австри)

Кху беттан 19-чохь Венехь Австрерчу нохчийн диаспоран векалша хIоттийначу митинге арабевллера бахархой. Митинган декъашхоша дIахьедира, Нохчийчоьнан урхалхо а, парламенте депутаташ а хоржуш дIабаьхьна харжамаш легитиме бацара аьлла.

Кавказ.Реалиига барам вовшахтоьхначу Дунаева Розас дийцарехь, дакъалоцуш хилла оцу митингехь 30 гергга стаг.

Нохчий боцурш а, гулбеллера митингехь Украинера а, Шемара а, Беларусера а, Афганистанера а мухIажарш а. Плакаташ дара церан карахь, къамелаш дора спикерша оьрсийн а, немцойн а меттанашкахь. Венерчу операн майданна гергахь дIаяьхьира митинг.

"Хууш ма-хиллара, къомо шайн лаамехь тIеэцначу Конституцин низам бух бу - маьрша, демократин харжамаш дIабахьар. Дагалоцур вай, 2003-чу шеран Зазадокху-баттахь муха тIеийцира Нохчийчоънан конституци – федералхоша герзаш тIе а хьийсош, нохчийн къомана дуьхьал тIеман террор лаьттачу хьелашкахь, адамашна дуьхьал Оьрсийчоьно дуккха а зуламаш лелош Нохчийчоьнан Ичкерин Республикан территори тIехь", - дIахьедира митинган декъахоша.

Нохчийчохь лела конституци низамехь ца лоруш, гулбеллачара дIахьедора, дIахьош болу харжамаш а бакъонца бац бохуш.

Кхаа дийнан гурашкахь, Гезгмашин-беттан 17-19-чохь пачхьалкхан думе депутаташ харжар доцург, мехкийн урхалхой а, регионалан парламенте дупутаташ а цхьаьана хаьржира.

Кхаьжнаш туьйсучу 3-чу дийнахь Нохчийчохь 93,37%, йа 700 эзар мехкан вахархочо кхаьжнаш тесира.

Тахана Нохчийчоьнан куьйгаллехь волу Кадыров Рамзан лидершлахь ву, 99,63 кхаж кхаьчна цунна мехкан урхалхочун харжамашкахь. Информацин центран (ЦИК) табло тIехь гойту и терахь.

"Голос" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре яьккхина.-Редакцин билгалдаккхар) проектан зерашца, Къилбаседа Кавказан Федералан Гонашкара регионаш а, Къилба Оьрсийчуьра дукхахйолу регионаш а нисъелла, харжамийн жамIашца харцонаш лелийначу субъекташлахь.

  • Нохчийчохь хоржуш ву республикан куьйгалхо а, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан а, республикан парламентан а, Соьлжа-ГIалин думан а, ткъа иштта шина гIалан а, 14 муниципалан кIоштан а, 174 эвлан депутаташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG