ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчуьрчу Iедалх хьакхалур ду". Къилбаседа Кавказехь чIир йекъар


Нохчийчуьра маслаIатан барам / Гайтаман сурт
Нохчийчуьра маслаIатан барам / Гайтаман сурт

ЧIир йекъар – Оьрсийчохь тахана доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказехь бен диссина доцу шира ламаст ду. Дов даьлла агIонашна йукъахь маслаIат дан гIерташ Iедал хьийзахь а, оцу барамийн эвсаралла шеконехь йу. Амма Кадыровн Iедал карчахь, вендетта йерриг Нохчийчохь йаржа тарло.

Iадат а, шариIат а

ЧIир йекъар – иза уггар ширачех цхьа ламаст ду йукъараллин-тайпанийн кепехь дехачу къаьмнийн. Пачхьалкхан институташ кхоллале кхерамазалла ларйора цара оцу кепара. Тахана доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь диссина и ламасташ, боху Албогачиева Маккас – историкан Iилманийн докторо, Санкт-Петербургерчу "Кунтскамера" музейн лакхара белхахо йу иза.

Цуьнан дуьххьара маьIна шен мостагI вер дацара, йукъараллехь дахаре ларам хилийтар а, адаман даха бакъо ларийтар а дара, тIетуху цо.

ЦIийнах уггар тоьлларг вен тарлора хьалха, амма хIинца стаг вийначунна шена дIадекъа гIерта

Стаг верна кхайкхийна ца Iара чIир, масала, ницкъбарна, йа стаг лачкъорна кхайкхон тарлора, дуьйцу Албогачиевас. ХIинца иза наггахь бен ца лелайо, амма хIинца а йиисина – доккхачу декъанна ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Дагестанехь.

Цо бахарехь, вендетта лелориг бусулбанаш хилла ца Iа. Къилбаседа ХIирийчоьнан вахархочо Калоев Виталийс вийна волу авиадиспетчер Нильсен Питер валаво цо масаллина – шен доьзалх валар ца ладеллера цуьнга, 2002 шарахь Боденскан Iомана уллехь маьрша нах дIасабуьгу кема чудоьжча.

ЧIир йекъар – иза Кавказан башхалла йац, адамийн йукъараллин шатайпалла йу, йуххера гергарчу нахах ваьллачу стага дIадекъа, шен куьйга кхел йан кхерам лаьттачу хенахь, дуьйцу социолого Абдулхаликов Расула. Цуьнан Iадаташкахула коьрта маьIна – иза коллективан шатайпаналлех иза дихкина хилар ду, дуьйцу къамелдечо: "Адам дийначун хьокъехь лелийначул сов, цуьнан гергарчарна дуьхьал лелон тарло иза. ЦIийнах уггар тоьлларг вен тарлора хьалха, амма хIинца билггал адам дийначунна дIадекъа гIерта – шариIатан, исламан Iаткъамо дина иза".

Къилбаседа Кавказерчу ломахошлахь Вендентта цхьа беркате хIума санна лоруш ду, билгалдоккху историко, "Хроника Кавказа" подкастан авторо Вачагаев Майрбека. Цунна хетарехь, и ламаст исламаца догIуш дац, цо магош а дац.

"Бусулба динца а догIуш, шариIатнг кхеле ваха веза, цо билгалдоккху таIзар, – боху Вачагаевс. – Вайна ваьш бусулба нах хетахь, тIаккха шариIатан урхаллех пайда эца беза, амма вайн шариIат дац вай бахахь, тIаккха пачхьалкхан (светски) низамашца къастон деза – тахана уьш оьрсийн низамаш ду".

ЧIиран мотивашца

ТIаьххьарчу хенахь чIир йокъуш уггар зевнечех цхьа стаг верах хиира ГIалгIайчуьрчу "Э" центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим вийча. Шен вешица герз диттира цунна 2021 шеран лахьан-баттахь Москвахь.

И ламаст исламаца догIуш дац, цо магош а дац

ГIалгIайн батIалхьажойн вежараллин цхьаволу куьйгалхо Белхароев ИбрахIим верна гунахь лорура и лакхара полисхо.

2023 шеран мангал-баттахь ЭльджаркиевгIар байъарна коьрта бехкениг лоруш волу батIалхьажхо Картоев Къурайш къера хилира, ша чIир йоькъуш вийна иза аьлла. Дуьненайукъарчу лехамашкахь ву иза хIинца, тIечIагIбина боцучу хаамашца, Туркойчохь къайлаха вехаш ву.

ЧIир рогIерчу стагна кхайкхорал совнаха, хьаькамашна, ур-атталла президентана кхайкхон тарло. 2008 шарахь гIалгIайн бизнесхочо, оппозицихочо Евлоев Мохьмада чIир кхайкхийра республикан президентана Зязиков Муратна. Цаьршинна йукъахь дов иккхиначул тIаьхьа Евлоев дIалецира МВД-н куьйшалхочун хадархоша, тIаьхьо совдегархочун дакъа карийра коьртах тапча тоьхна чов йолуш. Вийначун дас цул тIаьхьа дIахьедира, республикан куьйшалхочо а, министро Медов Мусас а гIалгIайн ламасташца жоп лур ду шаьш динчу зуламна.

Нохчийн республикерчу Iедалан чIир йекъаран институтаца дерг билггал долчу хьолах доьзна хуьлу. РогIерчу бахархошка кхайкхам бо Iедало, чIир кхайкхор дита бохуш, амма Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а сих-сиха олу, шаьш шайн дуьхьалончашна чIир йоькъур йу. ТIаьххьарчех дIахьедар дира оцу хьокъехь 2022 шеран марсхьокху-баттахь Украинехьа тIом бечу махкахошка.

"ЧIир йекъар тесна ца дуьту нохчаша. Украинера леррина операци мухха йерзахь а, цуьнан жамI мухха хилахь а, тIаьххьаре а хIораммо жоп лур ду ша динчу зуламашна", – йаздира Кадыровс 2022 шеран марсхьокху-баттахь. Цо тIетуьйхира, чIир – иза йуккъерчу бIешерах диссинарг дац, "агресси сацоран цхьаъ бен боцу уггар эвсара гIирс бу".

ЧIир рогIерчу стагна кхайкхорал совнаха, хьаькамашна, ур-атталла президентана кхайкхон тарло 

Герзаца болчу гIаттамхойх дIакхеттачийн гергарчарна хьокъехь вендетта хила йеза бохуш дIахьедора Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Масала 2016 шарахь кегийрхойн тобано полисхошна тIелатар дича, Пригородное эвлахь Iедало меттигера нах схьагулбира. Кхузахь бара муфтиятера а, полицера а хьаькамаш. Йуьртарчу вахархочун Бахарчиев Зеламхан доьзална неIалташ элира гулбеллачара – Шемахь кечдина ду бохучу тIелатарна куьйгалла дина оцу стага, бохура Iедало, кхоччуш тоьшаллаш а ца дахкош. И доьзал республикера арабаьккхира.

ХIетахь онкологин лазарх бала хьоьгуш хилла волу оцу доьзалан да шен даймахкал арахьа кхелхира оцу цамгарх. Цуьнан тIеххьара лаам кхочушбайта дуьхьал хилира Нохчийчуьра Iедал – ша винчу йуьртахь ша дIаволлийтар дехнера къаночо.

Кадыров а, цуьнан го а тоъал болчу наханна чIир кхайкхо кхиъна. Царлахь бу Нохчийн Ичкери республикан урхаллин арахьара куьйгалхо Закаев Ахьмад, блогерш Абдурахманов Тумсо, Халитов Хьасан, ЯнгулбаевгIеран доьзал а, иштта Украинехьа тIом беш болу Ичкерин агIончаш а.

МаслаIатан комиссеш

ЧIир иттанаш шерашкахь йахйала мега, тIаьхьенашка иза дIакховдош, кхочуш йаллалц, йа бехкечунна гечдаллалц, билгалдоккху Албогачиева Маккас. Амма бехкечунна хIора денна тIехьбевлла лела, йа гуттара иза вен гIерташ хьийза бохург дац иза – и дов, цу тIехула болу сацам а цхьана ханна "гIорийна" латтош хуьлу.

Къилбаседа ХIирийчоь, Нохчийчуьра чIирхой тIебитар
Къилбаседа ХIирийчоь, Нохчийчуьра чIирхой тIебитар

Кавказ.Реалиин корреспондентан аьтто баьлла, лулахочун карах итт шо хьалха шен ваша кхелхина йолчу ГIалгIайчуьрчу йахархочуьнца къамел дан. Бехкечун гергарчу наха масийттазза дехнера цунна гечдар, амма цуьнан ши ваша реза вац.

"Суна чIогIа дукха везара сан кхелхина ваша, и вийнарг бIаьргаван ца веза суна, амма гечдар тоьлу аьлла хета суна, – дуьйцу зудчо. – Бусулба динца а нийса ду иза, биссинчу наханна паргIат а ду. Гуттара дIадекъа лууш вахар – иза боккха мохь бу, тхан воккхахволу ваша бIаьргашна хьалха къанвелира и хиллачул тIаьхьа".

Цо дийцарехь, бехкениг набахтехь шена йогIу хан а текхна, республикера дIавахара.

Бехктакхаман гIуллакхехула жоп цо деллехь а, цунна гечдина бохург дац иза, боху Албогачиевас: вийначун гергарчара цунна гечдаллалц, иза маьрша лоруш вац.

Нохчийчохь нуьцкъаха до маслаIат

МаслаIат деш леррина комиссеш хуьлу ларамечу нахах вовшахтоьхна. И практика Советан Iедалехь дуьйна йолийра, хIунда аьлча, нах байъаро талхайора статистика, дуьйцу Вачагаевс. СССР вовшахйаьллачул тIаьхьа маслаIат лелоран практика оьрсийн Iедало кхин дIа лелийра.

ГIалгIайчухула йолчу маслаIатан комиссин куьйгалхочо Доскиев Iабдул-Хьамида и болх бен дукха хан йу, шен дахаран доккъа дакъа хьажийна цо цунна.

Доскиевн да а вара, цо бахарехь, Нохч-ГIалгIайн респубикехь веввзаш волу маслаIатхо, чIирхой берта балош. Муфтиятан дехарца цуьнан кIанта дIалелийна и болх.

"Тхо дукха дац комиссехь, хIора кIоштехула цхьацца векал ву тхан – и йукъараллин болх бу. Алапа ца ло тхуна цунах, – дуьйцу Доскиевс. Амма наха болх бо тIаккха а, Далла дезна гIуллакх ду иза".

Цо бахарехь, ларамза стаг верна, некъахьовзамехь кхалхарна тIаьххьарчу хенахь атта гечдо, амма маслаIат ца далуш девнаш хуьлу.

МаслаIат кхоччуш чекхдаларан терахьашна тIехула аьтто бац цунах лаьцна жамIаш дан, боху историко Абдулхаликов Расула: "МаслаIатхой, доккхачу декъанна, чIирх хьакхалуш долу муьлхха а гIуллакхна йукъахь хуьлу. МаслаIатан барамаш хIиттабо, некъахьовзамехь стаг веллехь а, шина а агIонна чIир йекъа ойланаш йацахь а".

Оцу кепара комисси Нохчийчохь а йу. Луларчу ГIалгIайчохь чIирхой маслаIате бахка дуьхьал хилахь, уьш нуьцкъаха бертабалош стагга вац. Амма Нохчийчуьра хьал нисса бIостнехьа ду: Iедало декхаре бо уьш берта бахка.

Масала, Веданан кIоштара доьзал декхаре хиллера, Iедало Iаткъам биначул тIаьхьа, стаг верна бехкечунна гечдан. И дов официалехь дирзина лоруш далахь а, бехчунна гечдина дац.

Нохчийн Iедалх хьакхалур йу чIир тIейогIучу хенахь

МаслаIат шинна агIонна оьшуш хила деза. Формалехь гечдича санна кеп хIиттор тоьаш дац – тIейогIучу хенахь кхин бехкаш хир дац аьлла дош дала деза шолгIачу агIоно, кхетадо Вачагаев Майрбека.

ЧIиран ламасто ша-ша кхачор йуй?

Нохчийн Iедалах хьакхалур йу чIир тIейогIучу хенахь, аьлла хета Европехь вехаш волчу нохчийн бакъоларйархочунна Кутаев Русланна.

"Со тешна ву, Путинан, Кадыровн ражнаш хийцалахь, дуккха а наха шайна зен дина болу ницкъаллин хьукматашкарчу нахе жоп доьхур ду чIиран низамашца, – боху къамелдечо. – Дукхачарна цIерашца бевза шайн гергарнах лечкъийнарш, уьш хьийзийнарш, байъинарш".

Кавказехь массара лелош дац чIир йекъар, амма и ламаст къайладер ду аьлла ца хета шена, боху Албогачиева Маккас. Цо аьллачунна реза ву Вачагаев Майрбек а: дуккха а кхиъна догIу къаьмнаш а оцу практикехула чекхдийлина – 90-чу шерашкахь Италерчу Сицилия гIайренехь лелайора вендетта.

"Нохчий, гIалгIай, дагестанхой оцу тIебогIур бу аьлла хета суна, амма йукъаралла кхиарца цхьаьна хир ду иза. Кху дуьнене жимма шуьйра хьежа веза, дахаран цхьадолу дакъа пачхьалкхе дIадала мегар ду", – дерзийна къамелдечо.

Амма Кутаевна хетарехь, чIир йекъаран ламасто кеста ша кхачор дац: "Нохчийн а, гIалгIайн а и ламаст лаьттар ду. ЧIир йекъар йахначу хенашкахь диссахь – иза боккха эшам бу тхуна, хIунда аьлча, иза зулам дарх сецоран вуно эвсара ламаст ду. Дукхачу наха зуламаш дийр дара, шайна дIадоькъур дуйла царна ца хаьахьара".

  • Кадыров Рамзана а, цуьнан агIончаша ашайн оппоненташ бойур бу бохуш, шайн Iалашо "чIир йекъар" ду бохуш, кхерамаш тийсар дуьххьара дац. Цуьнан кхерамашна дуьхьал жоп лучу Ичкерин маршонан агIончаша дIахьедира, Кадыровс юха а талхош лаьтта нохчийн гIиллакхаш, ткъа чIир кхайкхор тIеман заманахь баккъал а тIеоьцийла дац аьлла.
  • ЧIир йекъаран коьрта низамех дара стаг вийначу оцу цхьанна бекхам бан таро хилар. МостагIалла иттех шерашка дIадахлора: цIий Iанналц, йа царна юкъахь маслаIат даллалц. ТIаьхьо "бIаьрга дуьхьал бIаьрг" боху принцип йохийра – нислора, стаг вийнарг дийна воллушехь цуьнан гергарчарна бекхам беш. И керла хIуманаш юкъадехира советан Iедалца аьлла хетара этнографна Хасиев Сайд-Мохьмадна.
  • Кавказан дерриг аьлча санна къаьмнашлахь леладора чIир йекъар. Уллерчу Малбаленан пачхьалкхашкахь, Албанехь, Италин цхьайолчу кIошташкахь а нисло иза. Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу масех иттанаш шерашкахь оцу кепарчу талламашка йолу интерес кхуьуш йу. Пачхьалкхан, бакъонийн РАН Иинститутехь а, этнологин, антропологин РАН Институтехь а, Москварчу юрдикан институтехь а цхьамогIа диссертацеш йазйина оцу проблемех лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG