ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу Iедалхоша лаьцна ши ваша СИЗО-ра вайна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь латтош хилла ши ваша Исаев Исмаил а, Магомадов Салехь а вайна. Цунах хаам бина Дождь телеканале Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано, яздо "Эхо Москвы" радионо.

ТIехьа-Мартанарчу кхеле селхана, Марсхьокху-беттан 14-чохь и шиъ ца валийча, орца даьккхина ЛГБТ-юкъараллан векалша. Герзашца вовшахтоьхначу тобанца хилла ву аьлла, бехкевинчу шина кIентан гIуллакхах лаьцна дийца дезаш дара цигахь. Талламан версица, Исаевс а, Магомадовс а цхьана тIемалочуьнга тIоьрмиг белла чохь сурсаташ йолуш.

Коронавирусна тIехула карантин ю аьлла адвокат Немов Александр тIе ца витина СИЗО-хь волчу шинна. Оцу юкъанна, Немовс дийцина, шина жимчу стагана вакцинаци ерриг а йина хиларх.

Хьалхарчу СИЗО-хь ши ваша латтон ахшо ду. Нижний Новогородехь ОМОН-н белхахоша лаьцна даймахка валийначул тIаьхьа дуьйна латтош вара и шиъ талламан изоляторехь.

Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано масех де хьалха хаам бинера, Исаевс а, Магомадовс а шаьшинна тIе адвокат витар дехнера, цунна цхьа информаци дIахаийта Iалашонца.

Немовс латкъам бина федералан таIзар кхочушдаран урхалле (ФСИН)-е а, прокуратуре а, ша Iалашван тIелаьцначу шинна тIе ца вуьту ша бакъо йоцуш аьлла.

  • Магамадов а, Исаев а лецира Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн карахь хиларх.
  • Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву шаьшиъ аьлла, мукIарло дина Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а, чIагIдо меттигерчу Iедалхоша.
  • Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.
  • Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) дIахьедар дира, Магамадов а, Исаев а лацаран бахьанаш довзийта шайна, ишта, царна тIе адвокаташ а, лоьраш а, да-нана а дита аьлла.
  • Лахарчу Новгородехь лаьцна вигинчу Нохчийчуьрчу шина вахархочун Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а гIуллакх таллар дехна федералан омбудсмено Москалькова Татьянас Оьрсийчоьнан инарла прокуратуре.
  • Оьрсийчоьнан омбудсменан пресс-гIуллакххоша хаам барехь, Зазадокху-баттахь Москалькован цIарах хаамийн гIирсашкахула диллина кехат кхаьчна шина кIентан ненера Магамадова Зараэра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG