ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу Iедало 10 млн сом дойъур ду Кадыровна леринчу зорбанийн конкурсана


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Зорбанийн белхахошна юкъахь хIоттош йолчу "Золотое перо" конкурсана лерина тендер кхайкхийна Нохчийчохь, Кадыров Ахьмадан иэсана лерина хир ю иза, таханлерчу республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дена. Барамна лерина 10 млн сом дайъа кийча бу.

Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министралло дIакхайкхийначу тендеран техническан тIедилларца а догIуш, толамхошна совгIаташ дIадалар Соьлжа-ГIаларчу барамийн залехь хила деза. Баннершца кечйина хила еза зал, чохь дисплей а йолуш. Иштта болх тIелаьцначо 600 хьошалгIа кхайкхаран кехаташ а, 250 баркаллин кехаташ а кечдан деза, цул сов, 200 зезагийн курсаш а.

"Конкурсан совгIаташ: кегийра статуяш, хIора декъашхочунна, кхелахошна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, РОФ-н (Кадыров Ахьмадан цIарх йолу регионера юкъараллин фонд, цунах зорбанехь республикан куьйгалхочун "шолгIа казна" олу – Редакцин билг.) президентана а лерина плакеткаш, гран-при а", - яздина ду тендерехь.

750-пробех долу 50 грамм деших йоьттина пелаган кепехь жима статуя яла дагахь бу толамхочунна, иштта миллион сом совгIат а. Толаман меттигаш яьхначарна лерина жима статуяш а, 10 эзар сом совгIаташ а ду – итт толамхочунна кхочур ду уьш.

Цул сов, кхелахошна лерина алапаш ду – Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара кхайкхинчу комиссин декъашхошна 150 эзар хIоранна а, Нохчийчуьрачу кхелахошна (8 стаг) – 100 эзар хIоранна а.

Конкурс дуьненаюкъара ю боху тендерехь. Толамхой къастор йолу критереш билгалйохуш яц. Ша Нохчийчохь йозушйоцу зорба яц, тIаккха республикехь болх беш йолу телехьожийлаш, хаамийн сайташ, газеташ буьззинчу барамехь меттигерчу Iедалан карахь ю.

  • Нохчийчохь Кадыров Рамзанан да винчу денна лерина 364 барам бара хIотто кечбина – царлахь дара чIара лоцучу нехан конкурс а, социалан хеттарш а. Кавказ.Реалиино дийцира, Нохчийчохь муха даздо Кадыров Ахьмадан вина де, цуьнан доьзална гонаха кхоьллинчу культан хьелашкахь.
  • Кавказ.Реалиис яздира Кадыров Ахьмадан культ яржорах – махкахь 300 урам бу цуьнан цIе лелош, Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназиш, аэропорт, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан Дог" маьждиг, "Новая газето" цуьнан ларми чохь дуккха а нах байарх лаьцна дийцина, Росгвардин полк а. Кадыровн-воккхахволчун цIе тиллина ЦIоьнтара эвлана – Ахмат-Юрт. Цул совнах, 2020-чу шарахь дуьйна США-н финансийн министраллин санкцийн тептарехь йолу республикера футболан а, латархойн а клубаш, иштта, Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а. Кадыровн портреташ го Соьлжа-ГIалин урамашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG