ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украине ваха дуьхьал хиларна ша балхара дIаваккхар къовса аьтто ца хилла Нохчийчуьрчу контрактхочун


Эскархой бу Соьлжа-ГIалахь, архивера сурт
Эскархой бу Соьлжа-ГIалахь, архивера сурт

Украинерчу командировке ваха дуьхьал хиллачу Нохчийчуьрчу контрактхочунна Элемханов Мохьмадан аьтто ца баьлла ша балхара дIаваккхар къовса. Иштта сацам бина Соьлжа-ГIалин гарнизонан тIеман кхело, йаздина ду кхелан кехаташкахь.

Элемхановс дIахьедина ма-хиллара, № 16544 а, № 27777 тIеман дакъошкахь болх беш хилла волчу цо контрактан бехкамаш ца хедийнера. Бехкевечун векало хаамбира, стигалкъекъа-беттан 23-хь "белхан-тIеман декхарш кхочушдан Iалашонца белхан командировке гIо аьлла куьйгаллан тIедиллар кхочушдан" дуьхьал хилла и. Оцу бух тIехь Элемханов балхара дIаваьккхира.

"Ша реза цахиларан бахьанаш Элемхановс ца дийцира, кхин эскархой уллехь болуш, кхеторан кехат йаздан а реза ца хилира иза", – дIахьедира тIеман декъан векало кхелехь.

№ 16544 долу тIеман дакъа – 71-гIа гвардейскан мотострелкован полк – Нохчийчуьрчу Калиновская эвлахь куптоьхна йу, Мариупольна оккупаци йеш дакъалаьцна а йу. № 27777 долу тIеман дакъа Ханкалахь ду, 2017-чу шарахь 71-гIа мотострелкован полк йина цунах.

Кавказ.Реалиин редакцино хьалхо яздира, Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара салтий кест-кеста Украинехь тIемаш бан дуьхьалбовлий, цIа оьхуш хиларх. Оьрсийчохь оцу тIехула дIабоху уьш "тIемаш бан пайден бац" олий. Оцу хьолехь нисбелира, масала, ГIебарта-Балкхаройчуьра 115 Росгвардин эскархо а, Буьри-ГIалара 50 контрактхо а, Краснодар-мехкан ОМОН-н "Пластун" ротера эскархой а. Къилба ХIирийчуьра Оьрсийчоьнан базера кхин а 300 гергга эскархойн аьтто белира шайн лаамехь Украинера юхабахкарна таIзар ца деш бовла.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гонарчу наха а агрессиве медиакампани йолийна лаамхойн кепехь Украинерчу тIаме баха ца луучу республикан бахархошна дуьхьал, - тоъал доьналла а, иман а ца хиларна бехкебо уьш. Цуьнца цхьаьна Кадыровс дIахьедина, мобилизаци чекхйаьлча а армех кхойкху кехаташ кхочур ду, иштта чоьхьарчу гIуллакхийн министрана "ницкъахой кийча латтор" тIедиллина цо.
  • Новочеркасскерчу контрактхочунна Хорзов Александрана аьтто ца хилла Украине ваха дуьхьал хиларна ша балхара дIаваккхар къовса. Цуьнан административан гIуллакхехула и сацам бина Ростован махкарчу Новочеркасскан гарнизонан тIеман кхело, йаздина ду кхелан кехаташкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG