ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1990-гIа шерашкара Нохчийчуьрчу прокуратуран белхалой хIинца тIеман ветеранаш ларалуш бу  


Соьлжа-Г1ала, 1996-чу шеран Чиллан-бутт

1994-1996 шерашкахь а, 1999-чу шеран Марсхьокху-баттера дуьйна Нохчийчохь болх бинчу прокурорашна а, талламхошна а тIеман ветеранийн статус лучу низамна кIел куьг яздина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. Цул хьалха "Ветеранех" а, "ТIемашкахь хиллачарна пенси кхачор" а низамашна бина хийцамаш къобалбира Пачхьалкхан думо а, Федерацин Кхеташоно а.

ХIинца тIеман ветеранаш ларалуш бу 1994-чу шеран ГIуран-баттера 1996-чу шеран ГIуран-батте кхачалц Нохчийчохь а, йистера латтанаш тIехь а тIом боьдучу юкъанна цигахь болх бина прокурораш а, талламхой, иштта, Къилбаседан Кавказехь 1999-чу шеран Марсхьокху-баттахь хIоьттинчу контртерроран операци йоьдучу юкъанна болх бина талламхой а, прокурораш а, яздо документехь.

Бакъоларъярхойн "Мемориал" центран (Оьрсийчуьрчу Iедалхоша арахьара агентийн тептаре яьккхина ю, амма центр реза яц оцу сацамна - ред.), "Горячие точки" программан куьйгалхочо Орлов Олега Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь элира, и низам хIинца тIеэцар – иза "юьззина къайле" ю, аьлла.

"Оьрсийн прокуратуран органаша 1994-1996-чу шерашкахь ма-хуьллу бIаьргаш дIаькъуьйлура федералан ницкъаша дукхачу нахана динчу зуламашна. Иза баккъала болх бара – федералхоша низамаш хьешна, бохуш дечу шорттачу хаамашна тIе тидам ца бахийтар. Схьахетарехь, оцу гIуллакхна хIинца совгIаташ дала деза царна", - билгалдаьккхина бакъоларъярхочо.

1999-чу шарахь хиллачух дуьйцуш, Орлов Олега дагардо федералан тIемалоша лелийна зуламаш: низамехь йоцуш, кхоьллина фильтрацин каппаш, нах тIепаза байъар, дIацIанъечу эвлашкахь хIора хIусамна чохь талораш дар, дукха нах къайлабахар – амма прокуратуро а, талламо "вуно чIогIа тидам боцуш дуьтура иза. Ткъа цара дукха дика толлура дуьхьала йолчу агIоно дина зуламаш, ала догIу, уьш а хуьлура".

Къаьсттина Нохчийчохь шолгIа тIом болуш уггара дика къаьстира оьрсийн нуьцкъахойн а, тIехьожучу урхаллаша а цхьана агIор берзийна дIахьон болх, тIетуьйхира "Мемориалан" бакъоларъярхочо.

  • 1990-гIа шераш долалуш Нохч-ГIалгIайн АССР шина декъе екъаелира – Нохчийн а, ГIалгIайн а республикашка. Нохчийчоьно дIахьедира, ша Оьрсийчоьнах дIакъаьсташ хиларх. ТIаьхьо Советан Союзан вовшахъяларо 1991-чу шеран ГIуран-баттахь Москвана а Соьлжа-ГIалина а юккъера юкъаметтиг кхин а галъяьккхира. Москвахь чIогIа къобалйора Дудаевна дуьхьала яьлла оппозици, амма шен чакхенехь иза де доцуш йиссира. Нохчийн оппозици йолуш санна кеп хIоттийна, Оьрсийчоьнан тIеман дакъойн 1994-чу шеран ГIуран-беттан 26-хь чугIорта аьтто ца баьлча, Москвано сацам бира, тIамаца Нохчийн республика Ичкерина тIелата.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG