ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу "спецназан университетехь" 6 шарчохь дуьххьара директор хийцина


Гуьмсарчу "Оьрсийн спецназан университетехь", Нохчийчоь. Гайтаман сурт
Гуьмсарчу "Оьрсийн спецназан университетехь", Нохчийчоь. Гайтаман сурт

"Оьрсийчоьнан спецназан университетан" керла директор Ахмадов Iабдула хIоттийна, иштта АО "Республикан урхаллин компани" а йу цуьнан куьйгкIелахь. И берриге хаамаш пачхьалкхан Цхьаалин юридикан реестрехь зорбане баьхна.

2017 шеран товбецан-баттера 2023 шеран зазадоккху-батте кхаччалц йолчу йукъанна "Оьрсийн спезназан университет" кхоьллинарг Чудан Алексей Витальевич вара официалан хаамашца. Цул совнах, "Республиканская управляющая компания" (РУК) куьйгаллехь а вара иза. Регионерчу герз кхийсаран спортан йукъаралла а цо доладеш йара. ХIинца иза ООО "Чаборз" хьалханча ву. "Чаборз" Гуьмсехь регистраци йина машенаш йо меттиг йу (99% цигара акцеш "РУК-н" долахь йу). Хаамийн гIирсаша бохура, унивеситетан куьйгалхочун цIе "Альфа" лерринчу тобанан ветеранан, цу тIеман тобанашца болх беш волчу инструкторан цIарца йогIу.

ХIинца Чудан Алексейн меттана Ахмадов Iабдула Вахитович ву цигахь. Цуьнан йуьззина биографи карош йац. Амма хууш ду, Ахмадов 2016-2019 шерашкахь 4-за индивидуалан совдегар санна дIайазвелла вуйла, моторийн йагориг йохкарца боьзна болх а беш. 2019 шарахь Шелковскан эвлахь ООО "Вайнах" компанина регистраци йира цо - иза жима компания йу, мотрийн йагориг йухкуш. Официалехь цхьа адам ду цу чохь болх бо аьлла билгалдаьккхина. 2021-чу шарахь тIедолу ахча 14,2 млн сом ду боху.

Иштта, зазадоккху-беттан 1-хь дуьйна схьа Алексей Чудан воцуш ву "Республиканская управляющая компания" директоран даржехь а. И дарж 6 шарахь сов хилла ду цуьнгахь 2016 шарахь гезгамашан-баттахь дуьйна схьа. Оцу даржашкахь хилла хийцамаш стенца боьзна бу, хууш дац.

"Оьрсийн спецназан университет", цуьнан кертахь даимна кечамаш беш Росгвардин ницкъахой а, ОМОН-н белхахой а боллушехь, цхьанна ницкъаллин министраллашца йоьзна йац иза. Кехаташца дуьстича, иза ша лелаш йолу коммерцехь йоцу цхьанатохаралла йу. И клуб Нохчийчоьнан дешаран министраллин лицензица болх беш йу.

2021-чу шарахь билгалдаьккхина ахча дохкаран чоьтаца а догIуш, коммерцехь йоцучу цхьанатохаралле 54 млн сом кхаьчна, кхин а 8,4 млн даьккхина цо совдегаралла лелоран гIуллакхех. Минюстан чоьтехь бахарехь, "РУС-о" сурсаташ духкура, белхаш дора, оьрсийн коммерцин цхьанатохараллашкара ахчанаш кхочура цунна.

Украинера тIом 2022-чу шеран чиллан-баттахь болабелчхьана "университетет" йерриг пачхьалкхехь йолахой кечбаран уггар боккха бух хилира. Дуьйцура, хIора кIирнахь университето тIамна 200 "лаамхой" шайх олурш кечбарх.

  • Нохчийчохь йолчу "спецназан университетах" тера йолу т1еман кечаман центраш хенаца Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь хила тарлуш йу. Уьш кхоллийта шайга аьлла Путин Владимире д1ахьедар деш бистхилла цуьнан администрацин куьйгалхочун г1овс Кириенко Сергей а, Геннарчу Малхбелера федералан гонан векал Трутнев Юрий а. Нохчийчу бахана йухабаьхкича хилла церан оцу тайпа къамелаш.
  • Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима республикан коьртачу инвестицин проекташна йукъаэцна спортан, туризман центр, цуьнан гIишло юттуш АО "Мастер" компани яра – иза нисса дIа йоьзна ю Украинерчу тIаме хьийсоран Iалашонца эскархой кечбеш йолчу Оьрсийн спецназан университетаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG