ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу тайп-тайпана кIошташкара бIе къона салти хьажийна Кадыровн полке


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кадыров Ахматан цIарахчу полке гIуллакх дан 100 къона эскархо хьажийна Нохчийчуьра гуьйранна арме бигинчу салтех. Уьш бу Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу гIаланашкара а, ярташкара а бахархой, хаам бо Кавказ.Реалиино, "Грозный Информ" агенталлана тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, эскархочун сийлаллин клубехь полкан эпсарша "дийцина къона салташна полкан исторех а, ламастех а, эскархочун гIуллакх даран къепах а лаьцна". Керла бIаьхой Iаморан дакъошкахь чекхбовла безаш бу юкъараэскаран кечаман курсах, ткъа цул тIаьхьа цара йийр ю бIаьхочун чIаго.

"Тешна ву цхьаболчара шайн дахар дузур хиларх низамаш лардон эскаршца. Цу Iалашоне кхача арме кхайкхина Росгвардехь гIуллакх дарх хир ду доккха гIо", – аьлла полкан штабан хьаькамо Исламгириев Рустама.

  • Кадыровн полкан подвалашкахь дуккха а адамаш дайъарх лаьцна яздира "Новая газето". Цо бинчу талламехь дуьйцуш ду документашца тIечIагIдина 30 сов меттигера вахархо вийна хиларх лаьцна. Уьш лецнера 2016-гIа шо чекхдолуш 2017-гIа шо долалуш Соьлжа-ГIалахь полицин постана тIелатар динчул тIаьхьа.
  • Уьш лецна латтийнера Кадыров Ахматан цIарахчу полкан патрулан-постан сервисан гIишлонехь, хIиттийначу роликашкахь нуьцъала дакъалацийтинера цаьрга, "Исламан пачхьалкх" экстремистийн тобанна байIат дойтуш а, юха сихха цунах дIакъастуьйтуш а.
  • Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира "Оьрсийчоьнан Турпалхо" цIе тиллина Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан буьйранчина Чалаев Замидна. Хаамийн гIирсаша дуккхаза а яздина иза Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш талхочу нехан декъахь хиларх лаьцна.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто керла санкцеш кхайкхийра Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал адамашна тIехь Iазап латторна а, кхел а янза, адамаш дайъарна а, кхин йолу а адамийн бакъонаш талхорна а. Санкцеш хьакхаелла цуьнан зудчух Кадырова Меднех а, церан шина йоIах Iайшатах а, Каринех а (Хадижат).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG