ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу тIеман ветеранна Украинерчу тIамехь волуш эскаран декъера дIавахарна пхи шо хан тоьхна


Ростов-на-Дону гIала, Къилбан гонашкара тIеман кхел
Ростов-на-Дону гIала, Къилбан гонашкара тIеман кхел

Ростов-на-Дону гIалара къилбехьарчу гонийн тIеман кхело тIечIагIйина №09906 эскаран декъерчу могIарерчунна Маткин Виталийна декъера шен лаамца дIавахарна тоьхна хан. "Терроризмана дуьхьала операци" аьлла Нохчийчохь хиллачу тIамехь дакъа лаьцначу йолахочунна йуккъерчу рожан набахтехь даккха пхи шо ахшо тоьхна.

Официалерчу хаамашка ладоьгIча, гезгмашин-беттан 26-хь Маткин шен тIеман дакъа лаьттачу метте схьа ца веара. Цул тIаьхьа цхьана баттана къайлавелира. Цу хеначохь, полицино ша дIалаццалц, таксхочун болх бира цо. Талламхоша цуьнан гIуллакх "тIеман хьелашахь, мобилизацин муьрехь, тIеман хенахь, тIеман конфликтан хьелашкахь" бохучу хоршахь нисдира.

Йолахочун адвокат аппеляцехь латкъам барца цуьнан кхел хийцийта дагахь лийлира. Бехке лоруш верг бехкзуламан гIуллакхехь дуьххьара нисвалар, цо Нохчийчуьрчу "терроризмана дуьхьала операцехь" дакъалацар, иза тIеман ветеран хилар, цуьнан кхоъ кхиазхо бер хилар цунна гIоьнна далош. Маткина тIеман декъера шен лаамца ша дIавахар тIелаьцна. Къилбехьарчу гонийн тIеман кхело шен сацам ца хуьйцуш битна.

  • Зазадоккху-беттан чакхенгахь Оьрсийчоьнан гарнизонан кхелашка кхаьчна 536 гIуллакх. Мобилизаци йолайарца чIагIделлачу бехкзуламан кодексан артиклашца догIуш ду уьш. Шен лаамца тIеман дакъа дитиначарна, куьйгаллин омрашна дуьхьало йиначарна бохуш. "Медиазона"гIирсан талламашкахь билгалдаьккхина ду, цу артиклашца бина кхелийн сацамаш дукха хьолахь йукъараллах лачкъабо, кхелийн сайташкахь гIара ца боху, аьлла.
  • Буьри-гIаларчу (Владикавказерчу) кхело сацамаш бира "боьдуш тIом болуш" тIеман декъера дIабаханчу йолахошна Демичев Артемна, Магомедов Загидна.
  • Ставропол махкарчу Буденновск гIалин гарнизонан тIеман кхело бехке лерира тIаме кхайкхина волу Писцов Даниил. Эскаран декъера шен лаамца дIавахарна цунна туьйхира юккъерчу рожан набахтехь даккха пхи шо.
  • Соьлжа-гIаларчу кхело мотострелкован батальонерчу йолахочунна Гереев Курашна эскаран дакъа шен лаамца дитарна ахшо арахь йаккха хан кхайкхира. Иза декъера дIавахара 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь. Йухавеара гезгмашин-беттан 24-хь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG