Францхойн Ниццехь политикан тховкIело йоьхуш хилла волу Нохчийчуьрчу вахархо Абуев Iабдул-Къадир терроризмана пропаганда йарна бехке а лаьрра, набахтехь даккха шо хан тоьхна, Францехь вахар дихкина цунна. Абуевс инстаграмехь дина арахецарш хилла кхелехь материалаш, цуьнан агIонна тIевазвелла 18 эзар стаг вара.
Масала, Nice Matin гIирсо дийцарехь, Парижан уллехь хьехархо Самюэль Пати 2020-чу шеран гIадужу-баттахь вийна волчу, тIаккха дIалаца гIоьртича полицино герз диттина волчу Анзоров IабдуллахIан деца нохчийн блогеро йина интервью арахецнера цо. Кхело бахарехь, оцу интервьюхь Анзоровн дас шен кIанта динарг къобалдо, берриг нохчийн, бусулбачийн сий лардеш дина цо и олу. Адвокаташа дIахьедора, кегийрхошка оцу тайпа хIума ца дайтархьама арахецнера интервью.
Иштта терроран "Исламан Пачхьалкхан" тIемалой тIехь болу видео арахецнера цо, "динехь боцурш" байъа аьлла дIахьедора цу тIехь. Оцу кепарчу цхьайолчу видеона бухахь цо НН элпаш дехкинера – прокуроро бахарехь, исламисташа хьалхо "бIеннашкахь" Францин бахархой шайгхьа баьхна йолу джихадистийн 19НН каналехьа къадор хиллера и.
Кхелехь Абуевс тIе ца лецина шена дохку бехкаш. Цуьнан инстаграмехь хилла йолу посташ цо ша Оьрсийчоьнна дуьхьал хиларна хIиттийна йу бохура, хьалхо Нохчийчохь санна, Украинехь "зударий, бераш дойъуш" тIом беш йолчу пачхьалкхана. Оьрсийчоьно лелочунна тIехула Францига орца дехна ша, амма Францина дуьхьал цхьа а ойланаш йац шен, аьлла билгалдаьккхира цо.
- Хьалхо Кавказ.Реалиино лахьан-баттахь хаамбора, 2018-чу шарахь лаьцна волчу Нохчийчуьрчу 16 шо хиллачу вахархочунна Парижан берийн гIуллакхашкахула йолчу кхелехь гIуллакх листар долийна. ЦIе йовзуьйтуш йац меттигерчу колледжан дешархочуьнан, "Исламан пачхьалкхана" йукъавахарна а, берийн бешахь теракт кечйарна а бехкево иза.
- Иштта лахьан-баттахь Францерчу нохчашна депортаци йарна кхерам латтарна францхойн бакъоларйаран Habitat-cité и Comité Tchétchénie цхьанакхетараллаша хьажийначу кхайкхамашка хьаьжна расан дискриманаци дIайаккхаран ООН-н комитет. Жимачу къомара болчу нехан кхерамазалла ларйар, терроризмаца кхийсам латточу юкъанна этническан битамаш тергал ца бар, иштта административан барамаш тIех сов лелорна жоьпалле озоран орган кхолла аьлла кхайкхам бина бакъонашларйархоша. Цул сов, цара дагадаийтина, дуьненаюкъарчу бакъоно ца магадо, къизаллехь, сийсазаллехь латто кхерам болчу пачхьалкхашка мухIажарш дIахьежор.
- 47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра 2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-хь. Хьехархочо ша вен масех де дуьссуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Мухьаммад Пайхамар аьшнашвеш дехкина суьрташ, амма аьлла хиллера, бусулба дешархой классера арадовла йиш ю, шайна и карикатураш йогIуш ца хетахь. Патица вевзаш хилла воцу 18 шо долу Анзоров IабдуллахI хьехархо болх беш хилла йолчу колледже веара - Патина критика йеш видео гина хиллера цунна. Хьехарчуьнга собар а дина, урс тоьхна вийнера цо иза, тIаккха схьабаьккхинчу коьртана сурт а даьккхина, Макронна лерина твит хIоттийра цо. ДIалаца гIертачу юкъанна полицино вийра Анзоров. Иза Нохчийчохь дIавоьллина.