ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн 17 шо долу кIант верах гIуллакх таллар сацийна Францехь


Франци, Реймс
Франци, Реймс

Францин Реймс гIалахь 2018-чу шарахь вийначу 17 шо долчу Умаров Мохьмадан гIуллакх таллар дерзийна. Талламан палато сацийна гIуллакх "массо а фигуранташ бехкехиларх тоъал тоьшаллаш цахиларна", яздо Кавказ.Реалиино. Кху муьрехь кхиазхочун гIуллакхан хьокхехь кхел хир яц.

Реймс гIаларчу ЦIечу жIаран гIишлона хьалха герз тоьхнера Умаровна 2018-чу шеран Марсхьокху-беттан 18-чохь . ТIаьхьо талламо сацамбира, вовшашца къийсалучу меттигерчу шина бандин юкъаметигаш къасточу заманчохь ларамза цигахь нисвелла хиллера иза аьлла.

Умаровца цхьана хиллачу цуьнан доттагIашна гина хиллера капюшон тиллина стаг а, машенчохь хилла кхо стаг а. Амма церан яххьаш дагахь ца лаьттинера царна. Шеконашца виъ стаг лаьцнера, амма 20 баттахь чохь латтийначул тIаьхьа дIахийцира уьш.

  • 23 шо долу Нохчийчуьра Лабазанов Хьамзат вийра герз тоьхна Францин Ренне гIалахь.
  • 2020-чу шеран аьхка Францерчу Дижонехь наркотикаш лелочу наха тIелатар динера 16 шо долчу нохчийн кхиазхочунна. Цул тIаьхьа летарш хилира, диаспоран бIе декъашхо веара Францин кеп-кеапрчу гIаланашкара оцу кIантана тIехIотта Iалашонца. Цхьайолчу зорбанаша а, политикаша а хилларг дуьйзира "наркобизнесна тIехула къийсамашца", оцу тIехула Нохчийчуьрчу дуккхаъчу мухIажарша аьрзнаш дира, доцург шайна кхолларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG