ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн блогер Абдурахманов дийна ву, кхерамазаллехь а ву, аьлла дIахьедина Ичкерин векалша


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо дийна ву, Швецин полицино кхерамазаллехь латтош ву, аьлла дIахьедина Кавказ.Реалиин редакцига Нохчийн республика Ичкерин арахьарчу урхаллин пресс-сервисехь. Премьер волчу Закаев Ахьмада и вийна бохуш ЧГТРК "Грозный" директоро дина дIахьедарш харцдо цара. Швецин полицехь и хаамашна комментари ца йо.

"Нохчийн республика Ичкерин урхаллехь йолчу информацица, Абдурахманов Тумсо дийна ву, Швецин полицин кхерамазаллехь ву", - аьлла сервисан векало. "Доларчу хьасташна" тIетевжина иза шен къамелехь, амма цо ца аьлла, муьлхачу бахьанашца лаьцна Абдурахманов полицино кхерамазалле.

Кавказ.Реалиин редакцино Швецин полицига официалехь кехат дахьийтина.

"Оха хьалха йелла хиллачу комментарина тIетоха хIумма а дац тхан", - йаздина пресс-секретарь йолчу Соколов Ирена деллачу официалерчу жоьпехь. Хьалхо Швецин полицехь тIе ца чIагIдора, комментари ца йора Абдурахманов вийна хила мега бохуш хаамашна.

Швецихь Абдурахманов Тумсо вийна аьлла тIечIагIбаза хаам гучубелира къобалйазчу Ичкерин цхьахйолчу телеграм-каналан агIонехь гIуран-беттан 1-чохь. Цул тIаьхьа, гIуран-беттан 5-хь Кадыровн критик верах лаьцна дуьйцура 1ADAT телеграм-канало а, иштта и хаам арахийцира нохчийн диаспоран хьалханчех цхьаъ волчу Масхадов Анзора. Амма цхьамогIа нохчийн жигархорша шеконе лецира, блогер вийна боху хаамаш.

Дагадоуьйту, оппозицин блогер вийна хила мега къобалйанзачу Ичкерин урхаллин куьйгалхочо Закаев Ахьмада, аьлла дIахьедира ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директоро Ахмадов Чингиза.

ГIуран-беттан 6-хь "Киев" телеканалана интервью йелира цо, цигахь элира, Абдурахмановн лелар вуно лазаме ду Кадыровна а, цуьнан гонна а, шайн аьтто хилча, кадыровхошка и "дIаваккхалур вара" аьлла цо. Закаевс дагадаийтира, Абдурахманов Оьрсийчуьра дIавахара, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарчу стагаца дов даьллачул тIаьхьа. Кху деношкахь ша политик Швецехь ву, йоьалгIачу "ПостОьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн Форумехь" дакъалоцуш.

Иштта Тумсон вешин Абдурахманов Мухьаммадан волу меттиг а бац къаьстина – Европерчу диаспоран векалийн, бакъоларйархойн, Кавказ.Реалиин редакцина а аьтто ца баьлла цуьнца зIене бовла.

  • 2020-чу шеран чиллан-баттахь кIело йира Абдурахманов Тумсона Швецехь цуьнан петар чохь. 36 шо долчу блогерна коьртах жIов тоьхнера, амма цуьнан аьтто хиллера тIелеттачуьнгара и схьа а йаьккхина, полици кхайкха. ТIаьхьо киллеро Мамаев Руслана кхетийра, дуьххьара ша блогерна тIехь тидам латто безаш вара, амма "Соьлжа-ГIаларчу наха" шена 50 эзар евро хьехча и ве реза хилира ша аьлла. Кхелехь прокуроро а билгалдаьккхира, "ларша Соьлжа-ГIала вуьгу". ТIелатар дарехула сацам 2021-чу шеран дечкен-баттахь хилира. Мамаевна итт шо хан туьйхира, цуьнца цхьана хиллачу Шапиаева Эльмирина – бархI.
  • Гезгмашин-беттан 27-хь 30 гергга герзаца болу нах Йоккхачу АтагIа баьхкира Абдурахмановн гергарчу нахе. Царна ультиматум хIоттийра: блогеран дIахьедарш цара ца хийцахь, царна чIир кхайкхор йу аьлла. Цул а цхьа де хьалха Абдурахмановца хиллачу телеграмерчу чатехь Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад зIене велира. Жигархочунна кхерамаш тийсира цо, цуьнан дешнех цуьнан гергарчу нахе жоп долуьйтур ду аьлла дош делира.
  • 2019-чу шарахь Даудовс блогерна Абдурахманов Тумсона чIир кхайкхийра. Кадыров Ахьмад-хьаьжан иэсе цабезам бу шен, и къоман йамартхо хета шена аьлла Абдурахмановс динчу дIахьедаршна дуьхьал тийсина бара и кхерамаш.
  • Оьрсийчоьнан арахьа бехачу Кадыровн критикашна масийттаза дира т1елатарш. 2019-чу шеран марсхьокху-баттахь Берлинехь вийра Масхадов Асланан а, Басаев Шемалан а тIемало Хангошвили Зеламха. 2017-чу шеран гезгмашин-баттахь Киевехь йийра нохчо йолу Окуева Амина. И хиллачул т1аьхьа масех де даьлча Киевехь эккхийтира Гуьржийчоьнан вахархо, нохчо Махаури Тимур. 2009-чу шеран дечкен-баттахь Венехь герз диттина вийра Кадыровн хилла волу хадархо Исраилов Iумар. 2004-чу шеран чиллан-баттахь Къатарехь эккхийтира Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш хилла волу Яндарбиев Зеламха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG