ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн блогершна тIелетарш дарна жоьпалла Путинна тIедиллина Евробартан талламан сервисаша


Путина Владимир а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а
Путина Владимир а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а

Оьрсийчоьнан президентана а, Нохчийчуьрчу Iедалшна а жоьпалла тIехь ду вен дагахь тIелатар дарна нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона Швецехь а, кхин болчу Кадыров Рамзанан критикашна тIелатарш дар а.

Цунах лаьцна дуьйцуш ду Евробартан Талламан юкъарлоно а, ситуационан центро а кечйинчу докладехь. Цуьнан чулацам бешна SVT - Швецин юкъараллин телевизионо. Цунна тIетидам бахна Кавказ.Реалиин редакцин, хаам Свобода Радионо.

Швецин телеканала хиина ма хиллара, Швецин пачхьалкхан кхерамазаллин сервсисо (СЭПО) жамI дина, блогерна вен тIелатар Нохчийчуьрчу Iедалша дина хилла аьлла.

Европерчу талламо кечдинчу рапортехь дуьйцуш ду, Тумсо а, кхиболу нохчийн блогерш а байъа гIортар далур дацара, президент Путин оцунна дуьхьал хиллехь.

Докладехь дуьйцуш ду, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалша адамаш дойъуш пайда эца мега Росгвардин "Терек" лерринчу тобанах бохуш. 2019-чу шарахь и тоба а, цуьнан командир Висмурадов Абузайд а санкцийн тептарнаюкъатуьйхира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа, ткъа кхушара Зазадоккху-баттахь - Европан барто.

Абдурахманов Тумсона вен дагахь тIелатар дира 2020-чу шарахь Чиллан-баттахь, Стокгольмана къилбаседехьа йолчу Евле гIалахь. Оьрсийчоьнан вахархо Мамаев Руслана, Шапиева Эльмира цIе йолчу зудчо гIо а деш, цуьнан петар чу а ваьлла, жIов карахь тIелатар дира блогерна.

2021-чу шарахь Дечкен-баттахь Швецерчу кхело, 10 а, 8 а шераш хенаш а тоьхна, чудоьллира тIелатар дина шиъ.

Кхушара Охан-баттахь Германехь юкъахдаьккхира блогеран ваша - "Вайфонд" бакъонашларйон вовшахтохараллин белхахо - Абдурахманов Мохьмад вен гIортар. Зулам дан гIоьртинарг хила мега аьлла шеко йолуш оцу гIуллакхехула жоьпе озийна ву Оьрсийчоьнан вахархо Дадакаев Валид, цуьнца декъа хилла аьлла шеко йолуш ду Iедалш немцойн контрталламан белхахо.

Кадыровн критикаш даима а санна вен гIортаран объекташ хуьлуш бу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь. Кхушара ГIадужу-баттахь, Оьрсийчоьнан 4 махкахо а, Узбекистанера а, Украинера а кхин а ши стаг а лецира Туркойчохь, блогер Халитов Хьасан вен гIорта дагахь хилла аьлла шеко йолшу.

Стохка Марсхьокху-баттахь Оьрсийчуьра Ахтаев Сар-Iела а, Магомадов Салман а лецира Австрехь, блогер Анзор (Мамихан Умаров) цара вийна аьлла шеко йолуш. Оццу хенахь талла долийра Брегенцехь блогер Магомадов Хьусайн вен гIортар а.

Карарчу хенахь Германехь луьстуш ду нохчийн сепаратистийн командир хилла Хангошвили Зелимахна верца доьзна гIуллакх. И зулам дарна бехке веш ву Оьрсийчоьнан тIеман талламан сервисан белхахо.

  • Путин Владимиран а, Кадыров Рамзанан а зорбан-секретараш ца хIиттира кхачам боллуш SVT телеканала бинчу талламна комментари ян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG