ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн боксхочунна Бетербиевна дагаяийтина санкцешна кIелахь волчу Кадыровца йолу уьйр


Бетербиев Артур
Бетербиев Артур

Нохчех схьаваьлла оьрсийн боксхочо юххера юкъаметтигаш лелайо Американ санкцешна кIелахь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанаца. Спортхочун "нохчийн диктаторца" йолу уьйр - иза "репутацина тIехь шеко йоцуш хьоькх ю, цо кхерам кхолла беза", яздо Великобританин The Guardian газетано.

Журналистийн хаамашца, республикан куьйгалхочо "шен цIе чIагIъеш лелайо спорт", ткъа цуьнца юкъаметтиг лелор, Америкехь масийттаза тийсвелла волчу спортхочо санкцеш йохор санна тIелаца деза.

Дагадоуьйту, Кадыров адамийн бакъонаш хьешарна бехкево, нах лечкъорна, низамехь доцуш республикехь нах байарна, ЛГБТК+ юкъараллера нах хьийзорна а. Цул сов, Кадыровх "Путинна муьтIахь волу агIонча" олу, цо Украинера тIом къобал барал совнах, мехкан дозане шен долара эскархой а хьовсийна.

ГIирсано дагадаийтина, 37 шо долу Бетербиев Канадан вахархо ву, цигахь веха, кечамаш до, болх бо, амма Нохчийчоьнан куьйгалхо волчу вогIу хIинца а, цуьнца суьрташ даха а, совгIаташ схьаэца а. Масала, дахначу шарахь Бетербиевна республикера "Мерседес-Бенц" кховдийра, иштта "Соьлжа-ГIалин лараме вахархо" аьлла чин а.

Журналисташа билгалдоккху, Украинера тIом болабелчхьана Бетербиевс кIезга гойту ша Кадыров къобалвар, амма политикца доттагIалла лелорна жоьпаллех цо хьалх ца вуьту иза. Хьалхо Дуьненаюкъарчу боксерийн кхеташонан президент Маурисио Сулейман Бетербиевна тIе а хIуттуш вист хилира – цо дIахьедира, боксхо Канадан вахархо ву, оцу пачхьалкхан векало санна шен болх бан йиш ю цуьнан.

Бетербиевх лаьцна материал арахийцира 32 шо долчу Американ векалца жимачу Джо Смитца толамхочун кхо доьхка доккхуш, шен йозаллин барамехь латар хилале цхьа де хьалха. Дуьйцурш ду Бетербиевн WBC а, IBF титулаш а, Смитан WBO доьхка а. Бетербиевс шолгIачу раундехь нокаутца толам баьккхира. Спортхо эшаванза ву хIинца а – цуьнан долахь 18 толам бу говзанчийн аренехь хиллачу 18 летаршкахь.

  • The Guardian-о иштта дагадаийтина, Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалахь шортта гIарбевлла латархой гулбина хилар – масала, Майк Тайсон, Флойд Майвейзер, иштта UFC-н масех толамхо, шен йозаллин барамехь и титул яьккхина волу Камару Iусман а декъехь а волуш. ТIаьххьарниг Нохчийчу вахарна критикана кIел нисвелира – Guardian-н а, Bloody Elbow гIирсан а колумниста Карим Зидана твиттерехь яздира: "ХIокху муьрехь Iусман UFC-н тIаьххьара толамхо ву, спортаца Кадыровн тиранан режим цIанъеш волу".
  • 2018-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьанакхетарна критика йира Мисаран футболан тобанан седана Мухьаммад Салахьна.
  • Кадыровна уггара юххерчех цхьа спортхо ву Швецин вахархо, UFC-н латархо Чимаев Хьамзат. Иза сих-сиха Кадыров волчу лестарал совнаха, 1ADAT оппозицин телеграмерчу каналан хаамца, Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионерчу юкъараллин фондан чоьтах шена зуда ялаяйта реза хилла. Чимаевна зуда ялор Соьлжа-ГIалахь хилира – боьдуш тIом а болуш, дуккха а хьешашца даккхийра даздарш хIиттор официалехь а доцуш дихкина хиллехь а. Кхайкхинчу нехан тептарехь ша Кадыров хилла а ца Iаш, цуьнан гергара нах а, гонахьа мел-верг а хиллера.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца уьйр лелорна гуттара критика еш елахь а, UFC-н декъашхо ву иза, цуьнан рогIера тасвалар Марсхьокху-баттахь хир ду UFC 278 турнирехь, цуьнан дуьхьал леташ гIарваьлла америкхойн латархо Нейт Диаз хир ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG