ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн эскархочо Хабаровскерчу аэропортера кема эккхийта воллу бохуш мохь биттина. Ша "кIадвалар" бахьана долуш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинерчу тIамехь дакъалаьцна волу Нохчийчуьра эскархо терактах харц хаам олучу статьяца дIалаьцна ву. Хабаровскерчу аэропортехь адамех доьттина долу кема эккхийтаран кхерам тасар хьокъехь. ТIомадала дагахь дIадоладелчу кеманахь волчо ша кху чохь бомба йоьллина, "АллахIу Акбар" аьлла мохь тоьхна бохуш, дийцира телеграм-каналаша, шаьш довзийта цалиинчу хьостанашна тIетовжарца.

Мохь тоьхнарг взводан буьйранча Мурат. А. ву, аьлла дийцира "Осторожно, новости"- гIирсо. ПIендарш кегдар бахьана долуш, Хабаровскерчу цхьана лазартне кхаьчна хилла иза. Охан-беттан 11-хь Москвахула йуха шен Нохчийчуьрчу эскаран декъе дIаваха везаш хилла. Эскархочо, ша "кIадвеллера", цундела бомба йу бохуш мохь туьйхира ша аьлла. Цунна динчу лоьрийн зераша иза вехна ца хилла аьлла гайтира.

Иза хилчул тIаьхьа "Боинган" экипажо йуха шен дIахIуттийла йолчу кема дIадига сацам бо, йаздо Baza гIирсо. Цхьана сохьтехь эхасохьтехь кема теллича, бомба ца карийна. Хабаровскерчу аэропортан сайтехь охан-беттан 11-хь 16:40 Шереметьево аэропорте доьду "Россия" FV 6288 кема 4 сахьтана хьедарах хаам бина.

Хабаровск-мехкан бакъонашларйаран структурийн сайташкахь 15:00 долуш хиллачух битина цхьа а хаам бац.

  • Къилбаседа ХIирийчуьра йалх эскархочунна командировкехь болуш къаьркъа мийларна лаххара таIзар дина. Буьрийн-гIаларчу гарнизонан кхелан сацамаша дийцарехь, эскаран декъехь нах тоьуш цахиларна.
  • Къилбаседа ХIирийчуьра тIаме хьовсийначу веаммо Оьрсийчоьно дIалаьцначу Украинера Запорожск-махкара Васильевка гIалахь 13 аттана урс хьаькхнера, оьрсийн эскархочунна герз диттина. Шен махкахоша иза лелорна эхь хета шена элира Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Меняйло Сергейс.
  • 2022-чу шеран бIаьста дуьйна схьа "тикток - эскарш" аьлла цIе дIайахна кадыровхойн - Украинерчу тIамехь цара жигара йаьхна видеош бахьнехь. Амма Нохчийчоьнан куьйгалхо шен йолахой цу тIаме хьийсочуьра соцуш вац. Уьш йоллу Оьрсийчуьра схьагулбеш бу. Ца леш, дийна бисанчара шаьш "йаккхийчу тоьпашна кечдина жижиг" санна дIахьовсийна дара, цIадирзича, лур ду аьлла ахчанаш ца делира шайна, могушалла тайеш гIо а ца дира, бохуш аьрзнаш деш хуьлу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG