ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн эвлара лечкъийна хилла бахархой СИЗО-хь бу – "Мемориал"


 Солсаев Хьамзат а, Леча а
Солсаев Хьамзат а, Леча а

Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центран хаамашца, Нохчийчуьра Iалхан-ГIалара кху шеран дечкен-баттахь кадыровхоша лечкъийна бигина бахархой Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь бу. Низамашкахь йоцу герзашца вовшахтоьхначу тобанца боьзна хилла аьлла, царна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна.

Цунах лаьцна бакъоларйархошна хиира, Iалхан-ГIалрчу бахархошка хеттарш динчу волонтерашкара. Бакъонца йоцу герзашца тоба вовшатоьхна аьлла, бехкавш дехкина царех цхьана декъана, вукхарна оцу тобанехь дакъалацарна.

Бехкзуламан гIуллакхаш долийна, царна дIасабовлар доьхкуш сацам маца бина бу, хууш дац.

  • Iалхан-ГIалахь дуккха а нах лецарх дийца даьккхира дечкен-беттан 9-чохь, хIетахь хаамбора, цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь уьш латтош хила тарло бохуш. ТIаьхьо "Мемориало" тIечIагIдира дечкен-беттан ворхIолгIачу буса 25 гергга стаг лачкъийна вигина хилар.
  • Лачкъийначарлахь вара СолсаевгIеран ши ваша ваша – Леча а, Хьамзат а. Церан гергарчо чIагIонаш йора, Соьлжа-ГIалахь царна тIехь гIело латтайо мехкан Iедалхошна лерна бохуш. Иштта балехь валлош хиллера лачкъийна кхин цхьаъ а, Мусаев Iусман; тIаьхьо цуьнан гергарнаш а дIабигинера.
  • Зазадокху-баттахь оппозицин 1АДАТ телеграм-канало хаийтира, СолсаевгIеран вежарийн да кхелхинера инсульт хилла аьлла.
  • Европехь вехачу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбуата дийцарехь, "хууш ду, уьш берриг а – лулахой буйла". "Тешамейоцчу" интернет-ресурсехь хилла уьш аьлла, оцу бахьанаца дIабигинера. Цундела, шайн хьолах Iедалхой тешна боцу дела, уьш [лецнарш] Iедалхошна дуьхьал лаьтта гара лору кадыровхоша", аьлла хета Сулеймановна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG