Нохчийн миллиардерна, "Русская платина" компанин директорийн кхеташонан хьалханчана Бажаев Мусана дуьхьала санкцеш яьхна Францино, иштта схьаяьккхина цуьнан Ривьера Сен-Жан-Кап-Ферра коммунана уллора вилла. Францхойн Nice-Matin гIирсан хаамца, вилла жимачу Версалан гIаланах тера ю.
Нохчийн олигархаца цхьаьна шен Сан-Тропера виллех ваьлла Дерипаска Олег, изза хилла "Сибуран" акционеран Шамалов Кириллан доларчу Биариццера виллех а.
Хьалхо Оьрсийчоьно Украинехь тIеман агресси йолийча кхайкхийначу санкцишца а догIуш, Бажаевна дихкира Евросюзе ваха. РБК-но яздо Le Figaro хьостанна тIе а тевжаш, кху шеран Чиллан-баттахь Францино дIакъевлира оьрсийн а, йа цаьрца боьзначу нехан а 178 миллион еврона чоьташ, иштта схьаяьккхина йиъ яхта, ялх беркема, беза мах болу кхоъ исбаьхьаллин кхоллар а.
"Русская платина" йоцург Бажаев Мусан долахь ю киргизхойн "Альянс Алтын" а, "Амур Золото" а. Forbes-н хаамца, нохчийн бизнесхочун хьал дайначу шарахь 750 миллион доллар дара, Оьрсийчоьнан уггаре хьалдолчу бизнесхойн рейтингехь 156-гIа меттехь ву иза.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Бажаевна реза цахилар гайтира хьалхо, Хьалха-Мартан тIехь кIоштан дарбан цIа хьаладотта а, иштта социалехь мехала йолу объекташ меттахIоттон а бизнесхочо ша билгалдоккхур ду аьлла $50 млн ца даларна. "Бажаев санначара шайна реклама бен ца йо. Халахетахь а, иштта бизнесхой кIезга бац", - реза вацара нохчийн куьйгалхо 2006-чу шарахь.
- Кипран республикано "дашон гражданствах" ваккхаран кеп дIайолийна 21 оьрсашна дуьхьала, шайлахь гIалгIайн бизнесхо Гуцериев Михаил а, цуьнан пхиъ доьзалхой а болуш. Евробертан санкцешна кIелахь болчу оьрсийн бизнесхойн Гуцериев Михаилан, Пономоренко Александран, Москович Вадиман, Кузьмичев Алексейн "дашон паспорташ" схьадаха сацам бира Кипран министрийн Кхеташонан тIаьххьарчу дийцаршкахь. Паспорташ схьадохуш ду церан хIусамнаношкара а, берашкара а.
- Фиджин полицино дIалецира дагестанхойн бизнесхочуьнца, сенаторца Керимов Сулейманаца доьзна оьрсийн Amadea мегаяхта. Де хьалха меттигера Лаутока порте кхаьчнера иза.
- Американ къоман кхерамазаллин Кхеташоно тIаьххьаре а сацийра исбаьхьаллин гимнастикехула олимпикан толамхо йолчу Кабаева Алинана дуьхьала санкцеш яхар. Американ лаккхара хьаькамаш кхоьрура президентан Путин Владимиран реакцих а, тIейогIучу ханна Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтига талхарх а.