ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн къизаллех Риман папас аьллачу дешнашна тIехула цуьнга вистхилла Масхадовн кIант


Масхадов Анзор
Масхадов Анзор

Къобалйазчу Ичкерин вийначу президентан Масхадов Асланан кIант Масхадов Анзор вистхилла Риман папе Франциске, Украинан дозана тIехь боьдучу тIамехь Оьрсийчоьнан эскарийн могIарехь долчу тIеман нохчийн декъийн къизаллех аьлла дешнаш бахьана долуш.

Масхадовс дагадаийтина нохчин къомана тIехь оьрсийн пачхьалкхо лелийначу репрессех, махкахь хиллачу шина тIамах, карарчу хенахь цигахь долчу Iедало адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх.

"Оьрсийчоьнца 400 шарахь тIемаш бина нохчаша, тхо тхайн махкара арадехира, тхо дайина, Iазап хьегитйина тхуна тIехь. ТIаьххьарчу шина тIамехь [Нохчийчохь]... вийна 300 эзар сов нохчийн маьрша вахархо, царех 40 эзар – бераш. Тхан гIаланаш а, ярташ а оьрсийн оккупанташа хIаллакйинера, Ичкерин кхозлагIа дакъа декхаре хилира тхешан мохк дIатаса Путинан раж бахьана долуш", - дIахьедина Масхадов Анзора.

Нохчийчуьра бахархой Украинана тIелатарехь дакъалоцуш хиларх жоьпалла тIедиллина цо "Путина [президента Владимира] контроль латточу диктатурина а, цуьнан марионеткина [Рамзан] Кадыровна а". Масхадовс билгалдаьккхина, республикехь дешан маршо цахилар, махкара бахархой "лекъош, ницкъбеш, бойуш" хилар хIинца а.

"Бертаза Кадыровс Украине тIом бан хьийсабо къона нохчий… Амма со тешна ву, оцу тIамна дуьхьал бу нохчий, нохчийн къомана хетарг и ду", - чIагIдо Масхадовс.

Украинан къайлахчу сервисашна тIетевжина кхин дIа цо дIахьедина, Киевн кIоштахь бIаьста маьрша нах байинчарлахь Нохчийчуьра ши эскархо бен цахилар. Хетарехь, дуьйцу СБУ-н тептар зорбане даьккхинера охан-баттахь, цу тIехь билгалбаьхнера, украинхойн къайлахчу сервисашна хетарехь, Бучехь нах байарна бехкеболу 64-чу бригадера эскархой. Оцу тептарехь билггал ши нохчо вара хьахийна.

Масхадовс бехкейина Оьрсийчоьнан пропаганда, нохчашна "демонизаци" ярна. Цо дагадаийтира, Украинан агIор лаамхойн батальонийн дакъошкахь Нохчийчуьра бахархой хилар Ичкерин агIончех болу.

"Бакъдерг ду, Украинехь оьрсийн оккупанташна дуьхьал тIемаш беш дуккха а нохчий хилар. Тхан маршонехьа къуьйсу цара, маьршачу Ичкеригахьа, Украинехьа, Европан йоллу пачхьалкхашкахьа…Оьрсийчоьнан къизаллина дуьхьал къийсам латтош бу уьш. Тхуна ца лаьа, тхан къомана, нохчашна цхьаммо депонизаци ян. Тхайн халкъ Iалашдан а, Оьрсийчоьнах маьрша хила а лаьа тхуна", - дIахьедина Масхадовс.

  • Хьалхо America ресурсана йеллачу интервьюхь Украинерчу тIамах дуьйцучу Римерчу Папас Франциска буряташ а, нохчий а "Украинера Оьрсийчоьнан эскарийн уггар къиза дакъош" ду элира, нагахь санна, "Iазапхой-нах белахь, уьш хьийзон нах а хила беза" аьлла, билгалдоккхуш. Понтификан дешнашна жоп лучу МИД-н официалан векало Захарова Марияс ТАСС агенталлина йеллачу комментарехь дIахьедина, нохчех а, бурятех а папас аьлларг – "кхин ца хиллал сийсаздаьккхина хIума ду".
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Риман папин дешнашна комментарий йеш дIахьедина, "арахьарчу зорбанан гIирсийн къарцадаларо а, пропагандо а хетийтина цунна" иштта аьлла.
  • Францискан дешнаш тергамза ца дитина шена тIаьхьабевлча Оьрсийчуьра дIавахначу бакъонашларйархочо Янгулбаев Абубакара а. "Украинера тIом буряташа а, нохчаша а болийна бац", цо мах хадорехь, Нохчийчоь Оьрсийчоьнера бала хьегна, "колонизацин мохк бу" аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG