Масех украинхойн лаьцна йийсархо валийна Нохчийчу мехкан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца къамелдан. Уьш цига лаьцна кхачийна, хьаькаман бераш Украине дахначул тIаьхьа, аьлла пачхьалкхан "Россия 1" каналехь.
Кадыровс хоьтту, стенан дуьхьа цара тIемаш бина, Киеверчу Iедало шайна хьалхара балийта пайдаоьцуш хилла мобилизаци йинчу украинхойх бохуш, чIагIдеш. Шайн тIамехь дакъалацар маьIне дацара аллла вукхара жоп луш, иштта хазийна оьрсийн пропагандо хьалхатоьтту тезисаш а.
Йийсархошна Iаткъам биний хаа аьтто бац лаьттачу хелашкахь. Кадыровс тIедиллина боху йийсархошца "кIеда" хила аьлла, дош делла уьш цIа бахийта а. Оцу юкъанна дуккха а меттигаш гучубийлина, Оьрсийчоьнан эскарша украинхойн йийсархой Iазапечу хелашкахь латтийна.
Нохчийн политологна Кутаев Русланна хетарехь, иштта пропагандийн сюжет оьшу, тIамтIехь гIуллакхаш дика ду аьлла, сурт хIоттон.
"Йийсархой бу шина а агIор, делахь а стенна оьшу хIара санна шоу-проекташ украинхойн йийсархошца хIиттон, ша нохчий тIаме юкъаийзо гойтуш яцахь. Боллу нохчий, Къилбаседа Кавказан боллу кегийрхой а оцу тIаме юкъаозон аьттто хир бу шайн бохуш, дегайовхо лаьттачу Кремло гайта аьлла спектаклаш ю хIорш", - алла шена хетарг Кутаевс редакцица хиллачу къамелехь.
- Хьалхо хаамбарца, гезгамашин-беттан чакхенгара схьа дуьйна Оьрсийчу валийра украинхойн "Азов" (Оьрсийчохь йихкина ю) полкера йийсаре лаьцна 402 стаг, уьш дIатарбинера Ростовн а, Волгоградан а, Белгородан а, Воронежан а кIошташкарчу дозанаш тIера кхочушден системин урхаллашкахь. Украинхойн тIемалой Донерчу колонешках а, СИЗО-хь хиларх гIараделира стигалкъекъа-баттахь – Iедалхоша духхьара бакъйира и информаци.
- Стигалкъекъа-баттахь Ростовн зорбанан гIирсаша хаамбира, Мариуполера "Азовсталь" комбинатера арабаьхна украинхойн эскархойн цхьа дакъа Ростовера а, Таганрогера а талламан изоляторшкахь бара аьлла. ДIахьедора Таганроге 89 эскархо кхаьчна бохуш. Товбеца-баттахь и хаам тIечIагIбира меттигерчу ОНК-н куьйгалхочо Омельченко Игоря.
- Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь украинхойн блогеро Золкин Владимира дийцира, шен роликийн турпалхойх хиллачух, кадыровхойх уггар лакхара мах стенна хIоттийна а, Оьрсийчоьнан салташца Украинера муфтий цхьаьна хIунда кхеттера а.