ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн латархо Хатаев Имам Олимпиадин ахфинале ваьлла


Японя. Токио.

Токиохь дIахьочу Олимпиадин ловзаршкахь ахфинале ваьлла нохчийн латархо Хатаев Имам. Нокаут а еш, толам баьккхина цо Испанин цIарах летачу Джалидов ГIезамохьадца тасавеллачохь.

Ахфиналехь Хатаев рингехь цхьанакхетар ву британхочуьнца Уиттакер Бенджаминца. КарабогIучу беттан 1-чу дийнахь хир долуш ду латарш.

Хатаев Имам – латархо-марзвелларг ву, юккъерчу йозаллин категорехь тасалуш волу. Оьрсийчоьнан спортан говзанча а, чемпион а ву иза, Олимпиадехь дуьххьара дакъалоцуш а ву.

Карарчу беттан 23-чохь дуьйладелла Японин коьртачу шахьарахь Токиохь Олимпиадин ловзарш.

Маршо Радионо яздира, Товбеца-беттан 28-чохь Гуьржийчуьрчу ПаьнкIазара схьаваьлалчу, Австрин цIарах Токиохь дIахьочу Олимпиадехь тасавеллачу 26 шо долчу Борчашвили Шемала борзанан мидал яьккхина 8I килане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь.

Билгалдоккху, дуьххьара хиллачу латаршкахь Португалехьа летачу Эгутидзе Анрица толам баьккхира цо, ткъа борзанан мидал йоккхуш туьйлира Германера Рессел Доминика эша а веш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG