ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн латархо Тухугов Америкерчу UFC-н турнире кхочур вац визаца проблемаш хиларна 


Иллюстративное фото
Иллюстративное фото

Иэдинчу латарийн нохчийн спортхо Тухугов Зубайр UFC Вегас 59 турнире кхочур вац визаца проблемаш хиларна. Марсхьокху-беттан 6-хь Ландевер Нейтаца лата везаш вара иза.

Спортан журналиста Кинг Нолана хаамбира дуьххьара Тухуговн проблемех лаьцна, шен твиттерехь товбеца-беттан 18-хь яздира цо цунах. Кинго дIахьедира, и хаам тIечIагIбан безаш бу, аьлла - Тухуговн а, Ландеверан а латар хир дац, аьлла билггал хууш дацара. Амма хIинца UFC-н официалан сайтехь оцу латаран анонс яц, ткъа де хьалха хиира, Тухуговн рогIера латар Абу-Дабехь гIадужу-беттан 22-хь бен хирг ца хилар - Нохчийчуьрчу спортхочунна дуьхьал летар ву бразилхо Алмейд Лукас.

Ша Тухуговс цхьа а комментари ца йина хиллачунна. Цуьнан инстаграмерчу официалан агIонца а догIуш, иза хIинца Дагестанерчу гуламашкахь ву.

Иэдинчу латаршкахь шен карьера йолийна 31 шо долчу Тухугов Зубайра 2010-чу шарахь. Официалерчу статискаца а догIуш, 26 тасваларшкахь 20 толам баьккхина цо, пхоьазза эшна, цкъазза толамхо воцуш дирзина. Тухуговна шозза дисквалификаци йира: 2017-чу шарахь допинг лелорна шина шарна а, иштта Нурмагомедов Хьабиб Макгрегор Конорна тIехь тоьлча иккхинчу девнехь дакъа лацарна 35 денна а.

  • Иэдинчу летаршкара орьсийн латархо, Абсолютан латархойн къийсамийн хилла толамхочо Нурмагомедов Хьабиба чиллан-беттан 21-хь хаамбира, цхьамогIа спортхойн виза яккха аьтто ца болу, "политикан суета" бахьанехь, аьлла. ТIаккха цо тIечIагIдира, и проблема Тухуговх хьакхалуш хилар а, нохчийн латархочунна охан-баттахь ринге аравала аьтто бера хиларх ша дог тешна хилар хаийтира цо.
  • Украинана дуьхьал тIом болабелчхьана массочу агIонашкарчу дуьненаюкъарчу кховсамашкара дIабаьхна оьрсийн спортхой. Кавказ.Реалиино хаьттира эксперташка, Къилбаседа Кавказера говзанчийн спортана муха хийцамаш дийр ду цо.
  • Оьрсийчоьнан панкратионан федерацино дисквалификаци йира нохчийн латархочунна Исаев Исламана, Поддубныйн тасбалархойн Москварчу лигехь дакъа а ца лацуьйтуш. Бахьана хиллера, цхьадолчу латаршкахь, спортхочо дакъа а лоцуш, дуккха а нехан дов иккхинчул тIаьхьа.
  • Дечкен-баттахь нохчо волу шведхойн ММА-н латархо Чимаев Хьамзат Швецерчу турнирехь иккхинчу конфликтан декъашхо хилира. Бараме хьожуш вара иза, цига веънера иза бевзаш болчу масех накъосташца, шеца цхьана клубехь волчунна тIехIотта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG