Тахана Москварчу "Внуково" аэропортехь Соьлжа-ГIала воьдуш хилла шутбоксинган дуьненан чемпион, "Ахмат" клубан латархо Жамалдаев Салман лаьцна. Наркотикаш яьхна спортхочуьнгара.
Жамалдаевга хеттарш дан дагахь бу, адвокат а кхача везаш, яздо Спорт-Экспресс ресурсо.
Readovka телеграм-каналан информацица, юьйцург ю 10 грамм мефедрон.
ММА-хь 22-зза летта ву Жамалдаев Салман, 20-зза толам боккхуш. Ву иза ишта Оьрсийчоьнан панкратионан чемпион, Оьрсийчоьнан Къилбехь грэпплинган чемпион, маьршачу кепехь а, желтойн-риман латарехь спортан мастер а, WFCA а, ACB-н а хилла чемпион а.
Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, Жамалдаев Салман - кегийрхойн кумир ву, доьналла долуш, онда амал а йолуш, белхан гIоралла долуш жимстаг ву иза аьлла.