Нохчийн мотт Iалашбан, кхион вовшахтоьхначу экспертийн кхеташонан дIахIоттам карлабаьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен йоI Хадижат (Карина) а, кIант Ахьмад а цу йукъа а тухуш.
Омрана тIехь боху, Нохчийчоьнан урхалхочун администрацин хьалхара гIовс Кадырова Карина экспертийн кхеташонан куьйгалхочун хьалхара гIовс хIоттош йу, ткъа цуьнан ваша, кегийрхойн гIуллаккхийн министр кхеташонан декъашхо ву.
Оцу омраца кхеташонан декъера арабаьхна "Нохчийн меттан Институтан" Iилманан белхахо, Оьрсийчоьнан йаздархойн декъашхо Аболханов Аким а, Хьакъволу журналист а, культурин белхахо волу Дадаев Сайд-Хьасан а, мехкан урхалхочун администрацин а, министрийн кабинетан а куьйгалхочун гIовс Тамаев Iаьрби а.
Нохчийчохь лаккхарчу даржашкахь ду Кадыровн бераш, цуьнан йижарий, невцарий, йишин-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой, кхинболу гергара нах а. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.
- 2023-гIа шо довш Нохчийчоьнан вице-премьер, Кадыров Рамзанан йоккхаха йолу йоI Iайшат кхо кIира гергга заманчохь регионалан Iедалхойн кеп-кепарчу исс структурина йукъа йахийтира.
- Кадыров Рамзанан шолгIа йоI, 23 шо долу Хадижат, 2024-чу шеран дечкен-баттахь куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс хIоттийра.
- Дахна шо доьрзуш Хадижат а, цуьнан 18-шо долу ваша Кадыров Ахьмад а лахьан-беттан 30-хь йолийна гIуран беттан 12-чу дийне кхаччалц Дубайхь дIайаьхьначу климатан СОР28 саммитан Оьрсийчоьнан делегатийн тобанан тептаран йуккъе дахара. Церан болх-некъ цхьана а кепара климат хийцайаларца боьзна боцушехь. Цига уьш бахар доьзна дара регионан куьйгалхочо шен берийн статус хьалайоккхуш, уьш политикан дахарна жигара йукъаийзош, аьлла билгалдаьккхира Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташа.
- Нохчийчоьнан урхалхочун воккхаха волу кIант, 18 шо долу Ахьмад республикера кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллин коьрте хIоттийна. Иштта регионан лаккхара совгIат а цхьаьна делира цунна – Кадыровн цIарах орден.