ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажар Гериханова Амина лаьцначура маьршайоккхур ю Румынихь


Гериханова Амина
Гериханова Амина

Еххачу заманчохь Украинехь яьхна, Румынин Iедалша Оьрсийчоьне дIаяла хьийзо Нохчийчуьра яхархо Гериханова Амина маьршайоккхуш сацамбина Румынин кхело.

Гериханована юридикан гIо латтош хиллачу бакъоларъяран «Вайфонд» организацино хаамбо, Amnesty International юкъараллина тIетевжина, гезгамашин-беттан шолгIачу кIиранах иза дIахоьцур ю аьлла. Хьалхо дуьйцура, Румынин низамаша лаьцна йита бакъо луш йолу хан чекхйолу гезгамашин-беттан 7-чохь аьлла.

  • 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.
  • Мангал-беттан 7-чохь Румынин Сучава гIаларчу кхело дуьхьалойира Гериханована тховкIело яла – мехкан миграцин хьукмато бинчу сацамна цо дуьхьал кховдийна латкъам а юхатеттира.
  • Шена экстрадици йеш бинчу сацамна Гериханова Аминас чуделла арз иштта талла дезаш ду Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Цуьнан латкъаман хьокъехь шаьш сацам баллалц ЕСПЧ- кхело дихкира иза дIаялар.
  • Украинехь тIом болабелчхьана дукха нисделла Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчашна дуьхьало еш, йа депортаци еш меттигаш. Доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказерчу бахархоша латкъамаш бо кест-кеста къоман а, динан а билгалонашца дискриминаци лелайо шайца румынхойн миграцин хьукматаша бохуш. Бакъоларъярхойн хаамашца, къаьсттина хьакхало и нохчех: йа депортаци йо царна, йа лоьцу уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь бацахь а, ткъа Румынехула дехьабовлу уьш транзитехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG