Румынин полици реза ца хилла нохчийн мухIажар Гериханова Амина маьрша якхха. Хетарехь, 30 денна миграцин набахти чохь латтор ю иза, дийцина "Вайфонд" ассоциацехь.
Полицино ша лелочух ца кхетийна, хаамбина Кавказ.Реалиин корреспонденте вовшахкхетараллехь: "Румынин полицехь Гериханове аьлла, Европан кхелан сацам кхочушбийр бац, иза маьршайоккхур яц. Царна иза кхераме хета, схьадийцарехь".
Амма цхьа а реза цахилар гойтуш кехаташ ца делла Гериханове полицехь. Румынхойн низамлардархойн сацам къовса гIерта цуьнан адвокаташ.
Кавказ.Реалино хаамбина ма-хиллара, 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.
- Мангал-беттан 7-чохь Румынин Сучава гIаларчу кхело дуьхьалойира Гериханована тховкIело яла – мехкан миграцин хьукмато бинчу сацамна цо дуьхьал кховдийна латкъам а юхатеттира. И сацам аппеляцин инстанцехь къовсуш ю Гериханова.
- Марсхьокху-баттахь Гериханова Аминас "Вайфонде" хаамбира, кхелан сацамца, гезгмашин-беттан 7-хь буьйса юкъаяьлча маьршаяккхаре ладоьгIуш ю ша, хIунда аьлча, Iедалан бакъо яц 180 дийнал сов иза чохь латто.