ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажар Оьрсийчоьне дIалуш бина сацам юхаэцна Францин кхело


Францира чоьхьарчу гIуллакхийн министралла
Францира чоьхьарчу гIуллакхийн министралла

Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Оьрсийчоьне дIавала бинчу сацамна дуьхьал Нохчийчуьра мухIажаро чубелла латкъам Парижан админстративан кхело къобалбина.

ДIахьединчу А-с (кхелан сацам тIехь цуьнан цIеран элпаш бен дац билгалдаьхна) шена Францино депортаци йеш, Оьрсийчу дIа а хьажош бина сацам къуьйсура МВД-ца.

Оьрсийчу депортаци йарх хьакхалучу латкъамна жоп делла А-на. Кхечу тIедахкаршна, Францира араваккха сацам юхабаккхарх а, дIасавалар доьхкуш дина хьесапна дуьхьало йина кхело,

Оцу юкъанна кхело пайдаэцна хьалхо дIахьединчун латкъамехула Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамах, цо тIечIагIдинера "тоьшаллаш ду, нагахь санна иза Оьрсийчоьне дIалахь, цунна билггал кхерам хилар, Конвенцин 3-чу къепенца догIуш доцург цунна тIехь лелор хилар". Хьахийначу адамийн бакъонийн Европан Конвенцин къепено билгалдоккху, цхьанна а тIехь Iазапаш лелон, цуьнан сий дойуш таIзар дан а мегарг цахилар.

Хьалхо Кавказ.Реалиино хаамбира ЕСПЧ-кхело тIеэцначу оцу сацамах лаьцна, цу тIехь W.инициалашца вуьйцу иза. Франци веанчу цунна мухIажаран статус а йеллера 2007-чу шарахь. Цул тIаьхьа шозза Оьрсийчу вахана хиллера иза – Санкт-Петербургехь цомгаш волчу дена тIехIотта а, Къилбаседа ХIирийчохь арахьарчу мехкашкахь лела керла паспорт даккхийта а. 2020-чу шарахь Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIавала кечван волийра иза, исламистийн боламца воьзна хиларца а, 2010-чу шарахь Пакистанехь тIеман Iаморашкахь хилла аьлла шеконаш кхоллайаларна. 2021-чу шеран дечкен-баттахь ЕСПЧ-кхело цунна депортаци йеш бина сацам юкъахбаккхийтира.

Европан кхеле бинчу лаькъамехь W. цIе йолчо йаздинера, шегарчу хаамашца францхойн шеконаш хиллера ша нохчийн гIаттамхошца хилла ву аьлла Оьрсийчоьнан Iедалша хаамаш цаьрга дIабаларна, иштта шена Оьрсийчохь кхерам лаьтта аьлла а.

  • 2023-чу шеран чиллан-баттахь Кавказ.Реалиино йаздира кIорггера, Шемахь тIамехь дакъалаьцна ву аьлла бехкевина, Франицхь набахтехь таIзар токхучу Нохчийчуьра О.Зеламхин гIуллакхах лаьцна. Стигалкъекъа-баттахь маьрша волуш ву иза, цул тIаьхьа Оьрсийчу цунна депортаци йан дагахь бу Iедалхой. Нохчийчохь цуьнан гергарчарна тIеоьхуш, хоьттуш ву иза хIинцале а нохчийн полисхоша.
  • ТIаьххьарчу шерашкахь Францино депорт йина иттанаш нохчийн мухIажаршна, республика йозуш цахиларехьа къийсам латтийнарш бу царлахь, йа Кадыровн Рамзанан рожах зен хилларш бу, царна Оьрсийчохь лаьтта кхерамаш тидаме ца оьцу, чIагIдо Comité Tchétchénie а, Habitat-Cité а векалша. Церан билггал долу терахь хууш дац: депорташ йинчу нехан гергарчара шайга орца дехна меттигаш бен ца йевза царна.
  • Иштта 2022-чу шеран лахьан-баттахь Францерчу нохчашна депортаци йарна кхерам латтарна францхойн бакъоларйаран Habitat-cité и Comité Tchétchénie цхьанакхетараллаша хьажийначу кхайкхамашка хьаьжна расан дискриманаци дIайаккхаран ООН-н комитет. Хьалхо францхойн Iедалан нохчийн мухIажаршкхьа хилла йолу дика йукъаметтиг хийцайелла цхьамогIа зуламаш бахьанехь, боху кехатан авторша: исламистийн радикалаша Charlie Hebdo журналан редакцехь а, Bataclan центрехь а 20I5-чу шарахь тIелатар дича а, нохчийн кхиазхочунна тIелатар дина хила мега аьлла Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачарна юкъахь 2020-чу шарахь Дижон гIалахь летарш хилча а, иштта хьехархо Самюэль Пати Нохчийчуьрчу Анзоров Iабдулас Парижан уллохь вийча а.
  • Охан-баттахь бакъонашларъяран "Мемориал" центре кхечира, политикан тховкIело йоьхуш хиллачу, Оьрсийчоьне дIавеллачу Нохчийчуьрчу Мурадов Дауда шайга кхачийна конфиденциалан информаци Оьрсийчоьнан официалан органашка Францин Iедалхоша дIакхачорах тоьшаллаш. Иштта дIакхачийнера Мурадовс шен гергарчех а, шена гIо динчу бакъоларъяран организацех а шайга мел дийцинарг. 2020-чу шеран гIуран-беттан II-чохь Францира араваьккхира Мурадов, Оьрсийчу дIа ма кхаччара лецира иза, цунна тIехь ницкъ бинера, велира иза чиллан-беттан 6-чохь, Нохчийчохь лаьцна латточу заманчохь. I9 шо дара цуьнан лечу хенахь.
  • 2021-чу шеран аьхка Францера депорт йина волчу Гадаев Мохьмадна кхел йина Нохчийчохь. Низамехь а доцуш герзаш лелорна бехке а вина цхьа шо ахшо хан туьйхира цунна колонехь даккха. Нохчийчуьрчу нуьцкъаллин структурин белхалоша шена тIехь таIзар дича Гадаевс шена бакъоларъярхоша хьажийна адвокат тIе ца лецира.
  • Шен берриг доьзалца мухIажиран статус елира Ойсаев Джахарна цуьнан 7 шо долуш иза Франци ма-кхоччура. 2019-чу шарахь и статус дIаяьккхира цуьнгара, колледжехь доьшучу заманчохь радикализаци лелийна аьллачу шеконашца. Делахь а, жимстаг цкъа а тергонехь хилла вац, ткъа гIуллакх кхеле а кхачале Ойсаевн хьокъехь болийна таллам сацийнера. Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 22 шо долчу нохчочунна Ойсаев Джахарна депортаци йар сацийна кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG