ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажар Оьрсийчоьне дIавалале кхин а талламбан сацамбина Киеверчу кхело


Бакаев Iела
Бакаев Iела

Нохчийчуьрчу Бакаев Iелин гIуллакхехула экстрадицин талламбар Дечкен-беттан 25-чу дийне кхаччалц дIадахдан сацамбина Киеверчу кхело, хаамбина бакъоларъяран "Вайфонд" организацино. Нагахь санна, ша Оьрсийчоьне дIалахь, маса Нохчийчу а вигина, ша Iазапехь валлорна, йа кхел йоцуш верна кхоьру Бакаев.

Бакаев бехкево даймахкахь оьрсийн тIаман базана 2017-чу шарахь тIелатарна. Интерполехула лоьхуш вара иза Оьрсийчоьно, амма 2019-чу шарахь лехамашкара дIаваьккхира бехкевийриг. Саццанза иза дIавоьху Оьрсийчоьно. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Бакаевс дийцира, Украинехь шен хьокъехь кхел йоьду масех шо а ду аьлла.

"ТIаьххьарчу хенахь и кхеташонаш шина минотехь хуьлу. Чувоьду, ши хаттар до, тIаккха шина баттана талламабан дIатотту хан. Миграцин полицехь хоьттура, Басаев Шемал муха хета хьуна, хьан хIусаме оьрсийн салтий баьхкича, хIун дийр дара ахь бохуш", - дийцина Бакаевс, ша Украинан а, Оьрсийчоьнан а низамаш цкъа а дохийна цахилар билгалдоккхуш.

2018-чу шарахь дуьйна Украинан прокуратурехь ду Бакаевн паспорт. Цхьана ханна оцу пачхьалкхехь ваха бакъо луш делла кехат ду цо шеца лелош. Карарчу заманчохь шен доьзалца цхьана мухIажарийн куьпахь вехаш ву Нохчийчуьра вахархо.

Бакаевн гIуллакхах дуьйцучу "Вайфондо" билгалдоккху, цунна Оьрсийчохь тIаьхьабовлар политикан буха тIехь хилар. Оцу бахаьанашца, бакъонашларъярхошна хетарехь, хьалхо Интерполехула лоьхучуьра дIаваьккхира иза.

"Оьрсийчоьнан Iедалхошна а, Нохчийчуьрчу диктаторан ражна а дуьхьал йолчу йиллинчу шен позицица а дика вевзаш ву Бакаев. Оцу кепара нах Оьрсийчоьно шен пачхьалкхехь байина ца Iаш, дозанел арахьа а бойу. Нагахь санна, цхьана агIор Украино Бакаевна депортаци яхь, йа иза Оьрсийчоьне дIалахь, цо йохайо адамийн бакъонийн коьрта принципаш. Бакаев Оьрсийчоьне дIалахь, цуьнан декъазчу тIаьхьенах жоьпалла Украинана тIехь дуьсу", - аьлла, дIахьедина бакъоларъяран организацехь.

  • 2017-чу шарахь Нохчийчохь ялх вахархо тIелеттера Росгвардин тIеман дакъа дIатарделлачу кертана. ТIематасадалар хилар бахьана долуш вийра 6 эскархо, байъира шаьш тIелеттарш а.
  • Оьрсийчоьнан низамаш лардон органийн векалийн версица, оцу тIелатарехь дакъа долуш ву, иза хуьлуш Оьрсийчоьнел арахьа хилла волу Бакаев Iела. Цул тIаьхьа аудиокхайкхам а бина, Бакаевс политикн тховкIело йийхира Украинехь.
  • Украинин миграцин сервис дуьхьал ю цуьнан дехар кхочушдан. Бухе диллинарг ду Оьрсийчохь Бакаевна дуьхьал дехкина бехкаш. Цуьнца цхьана 2019-чу шарахь шен базера дIаваьккхира Бакаев Интерполо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG