ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажарна депорт йан дагахь йу Франци. Даймахкахь иза Iазапехь латто кхерам бу


Францхойн полисхо Марселерчу кхел дIахьочу зал чувоьдуш ву. 2016-чу шеран товбецан-беттан 16-хь. Гайтаман сурт
Францхойн полисхо Марселерчу кхел дIахьочу зал чувоьдуш ву. 2016-чу шеран товбецан-беттан 16-хь. Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу вахархочунна О. Зеламхана депорт йан дагахь йу Франци, даймахкахь Iазапехь латто мега иза, низамехь доцуш вен а кхерам бу. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига цуьнан уллерчу накъоста дийцина, шен цIе ца йаккхар дехна цо кхерамазалла ларйархьама.

Асад Башаран Iедална дуьхьал Шемахь тIеман тийсдаларшкахь дакъа лацарна Францерчу набахтехь латтош вара О. Зеламха. Кавказ.Реалиица къамелдинчо чIагIдо, 44 шо долу О. Зеламха Реннскан университетан историн а, политикан а факультетан студент ву, амма шена дехкинчу бехкашна гунахь вац, хIунда аьлча, ООН-о терроран леринчу цхьанна а тобанашкахь дакъа лаьцна вац.

Набахтера ара ма-валлара йан дагахь бу О. Зеламхана депорт – 2023-чу шеран бIаьста, чIагIдо Кавказ.Реалиин редакцин хьасто.

"Францин Iедал баккъала а О. Зеламхана депорт йан дагахь ду, - тIечIагIдина Comité Tchétchénie бакъоларйаран вовшахтохаран куьйгалхочо Шодо Паскаля. – Набахтехь хан йаккхарца кхелаш йина болу биссинарш санна и араваккха дагахь йу Франци. Амма тIом болабелча нисса дIа хилла йолу кеманийн зIе хадарна, карарчу хенахь и дан аьтто бац".

О. Зеламха чохь латтош йолчу хьукматехь Кавказ.Реалиин сайтана сиха комментари ца йелира цунна депорт йан мега бохучу хаамна. Редакцино кехат дахьийтина оцу хьокъехь.

  • Иштта 2022-чу шеран лахьан-баттахь Францерчу нохчашна депортаци йарна кхерам латтарна францхойн бакъоларйаран Habitat-cité и Comité Tchétchénie цхьанакхетараллаша хьажийначу кхайкхамашка хьаьжна расан дискриманаци дIайаккхаран ООН-н комитет. Хьалхо францхойн Iедалан нохчийн мухIажаршкхьа хилла йолу дика йукъаметтиг хийцайелла цхьамогIа зуламаш бахьанехь, боху кехатан авторша: исламистийн радикалаша Charlie Hebdo журналан редакцехь а, Bataclan центрехь а 20I5-чу шарахь тIелатар дича а, нохчийн кхиазхочунна тIелатар дина хила мега аьлла Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачарна юкъахь 2020-чу шарахь Дижон гIалахь летарш хилча а, иштта хьехархо Самюэль Пати Нохчийчуьрчу Анзоров Iабдулас Парижан уллохь вийча а.
  • 2022-чу шеран чиллан-баттахь хууш доцучу бахьанашца велира Францера депорт йина хилла волу 19 шо долу Мурадов Дауд. Цунна дIовш делла бохуш чIагIдо цуьнан гергарчу наха.
  • Францин Iедалша шайна депортаци йечу сацамна Нохчийчуьрчу шина мухIажаро бинчу шина латкъамна жоп делла адамийн бакъонашкахула йолчу Европера кхело. Шина а гIуллакхехь Европан Конвенцин адамна тIехь Iазап лело а, стеган сий дойъуш, цуьнца шога хилар а доьхкуш йолу 3-гIа къепе йохийна хилла аьлла кхело. Оцу хьоле кхачавора латкъам бина шиъ, нагахь санна, Оьрсийчоьне дIалахь.
  • 2021-чу шеран аьхка Францера депорт йина волчу Гадаев Мохьмадна кхел йина Нохчийчохь. Низамехь а доцуш герзаш лелорна бехке а вина цхьа шо ахшо хан туьйхира цунна колонехь даккха. Нохчийчуьрчу нуьцкъаллин структурин белхалоша шена тIехь таIзар дича Гадаевс шена бакъоларъярхоша хьажийна адвокат тIе ца лецира.
  • ТIаьххьарчу шерашкахь Францино депорт йина иттанаш нохчийн мухIажаршна, республика йозуш цахиларехьа къийсам латтийнарш бу царлахь, йа Кадыровн Рамзанан рожах зен хилларш бу, царна Оьрсийчохь лаьтта кхерамаш тидаме ца оьцу, чIагIдо Comité Tchétchénie а, Habitat-Cité а векалша. Церан билггал долу терахь хууш дац: депорташ йинчу нехан гергарчара шайга орца дехна меттигаш бен ца йевза царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG