Австрерчу Бельгин векалаллина хьалха цхьалха пикеташ дIаяьхьна нохчийн диаспоран векалша ГIура-беттан 12-хь. Цара кхайкхам бина Оьрсийчуьра мигрант, Нохчийчуьра схьаваьлла Шаваев Турпал-Iела, цIахьажо г1ертар сацадар доьхуш.
"Гергарчара а, Турпал-Iелин адвоката а бинчу хаамца, цуьнан 23 шо ду. Дуьххьара Францехь мигрантан статус ехна хилла цо, тIаьхьо дехьаваьлла луларчу Бельге. Суна хетарехь, Шаваевна дуьхьал и гIуллакх долор доьзна хила мега, Оьрсийчоьно дина дехар бахьана долуш", - хаам бина Кавказ.Реалиин редакце къобал йина йоцчу Нохчийн Республика Ичкерин Австрехь йолчу векало Дунаева Розас.
Иза тешна ю, депортаци ян кечвинчу нохчочунна Оьрсийчохь ницкъ бийр хиларх а, кхел ца еш тIазар дан мегаш хиларх а, хIунда аьлча Нохчийчохь хьалхо ШаваевгIеран хIусамаш ягийна а, ткъа цуьнан ваша вийна.
Дунаевас дийцарехь, Шаваев Турпал-Iелина депортаци ца яйта пикеташ хир ю гергарчу хенахь Брюсселехь а.